Куру (пачхьалкх)

From Wikipedia, the free encyclopedia

Куру (пачхьалкх)
Remove ads

Ку́ру (санскр. कुरु) — хӀиндо-ариен тайпана кшатрийн[1] а, цара ведийн муьрехь ХӀиндиера куьйгалла ден, тӀаьхьуо Махаджанападех цхьаъ хилла йолчу пачхьалкхан цӀе а ю. Куру паччахьалла лаьттина таханлера Харьянан а, Делин а кӀошташкахь, иза хилла дуьххьарлера политикин центр хӀиндо-ариешан ригведин муьрал тӀехьа. Кхузахь йуолийна кодификаци а, редакци а ян ведийн тексташна. Дукхаха болу Ӏилманчаша дийцарехь, Куру паччахьаллин мур богӀу Ӏаьржа а, цӀиен а кхийран оьздангаллин (вайн эрал XIIIX бӀешераш хьалхара) археологин мурца. Нийсса оцу хенахь ХӀиндин субконтинентехь эчиг гучудаьлла лору, иза дуьххьара хьахийна ду «Атхарваведехь» «Ӏаьржа маьӀда» аьлла. Оццу Ведехь (XX.127) Парикшитах олу «Курун паччахь».[2] Парикшитан кӀант, Джанамеджая, хьахийна «Шатапатха-брахманехь» а, «Айтарея-брахманехь» а. Куру паччахьалла кхин а сих-сиха хьахайо тӀаьхьараведийн литературехь.

Thumb
Ведийн муьрехь Куру паччахьалла лаьттина меттиг.
Remove ads

Хьажа иштта

  • Куру (паччахь)

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads