Ламаз

исламан арканех хьалхара рукна From Wikipedia, the free encyclopedia

Ламаз
Remove ads

Ла̄маз (Ӏаьр. الصَّلَاةُ, ас-сала̄т) — иза исламан арканех шолгӀа рукна йу[1]. Хьадисехь деана ду: «Ибн Ӏумара элира: Суна хезира Делан элчано олуш: “Ислам доьгӀна ду пхеа хӀуманна тӀе: Тоьшалладар ду АллахI бен кхин дела вац аьлла, ткъа Мухьаммад — Делан элча ву аьлла, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаж дан ХьажцӀа вахар ду, нагахь хьан и дан таро йелахь”»[2]. Иштта элчано дийцина: «ХӀокху белхан корта — ислам бу, ткъа цуьнан бӀогӀам — ламаз ду, ткъа цуьнан бохь — Делан новкъахь жихӀад дар ду»[3]. ШийӀашна гергахь динан да̄къойх хьалхара да̄къа ду иза[4].

Thumb
Ламаз

Ламаз дар важиб (тӀедиллина) ду хӀора бусалбачу стагана, гӀеметтахӀоьттинчунна, кхетам чохь волчунна, боьршачунна, стечунна. Ламаз фарз дина тӀедиллина Маккахь, Мухьаммадо Мадийнате хӀижрат далале ши шо хьалха, исраъ а, миӀраж а хиллачу хенахь[5]. Исламехь хӀора стагана тӀедиллина дийнахь пхи ламаз ду. Уьш доцурш, кхечу бахьанашна деш кхин ламазаш а ду: Шина Ӏийданан ламаз а, докъа-ламаз а, догӀа дехаран ламаз а, малх-бутт лацаран ламаз а. Ламаз ле̄но шен Делаца къамелдаран кеп йу, цу шинна йукъахь хуьлуш йолу уьйр йу иза[6].

Remove ads

Истори

Вайн сийлахь волу делан элча «Мухьаммад» , цунна дала тӀедиллинера шовзткъе итт ламаз. Мухьаммадан дуьхьал кхийтира Муса пайхамар, цо цуьнга элира: «и ламазаш мелла а кӀеззиг хилийта алахь Деле». Юха Дала, дийнахь пхиъ ламаз дар тӀедиллира. Юха а Мусас уьш лагӀде элира, Мухьаммада: «ша эхь хетталц дийхира цуьнга, кхин деха суна эхь хета» элира цо. Оцу замангара схьадеана ду ламаз дар. ВорхӀ шо кхаьчначу хенахь дуьйна, иза дар адамашна тӀехь ду.

Remove ads

Ламаз дале хьалха дан дезарг

  1. ДегӀ цӀена хила деза
  2. ДӀахӀоьттина меттиг цӀен хила еза
  3. Къилбе вирзина хила веза, ХьажицӀа долчу агӀора
  4. Ламаз кхочуш дан лууш хила веза
  5. Духар — цӀена бедар юьйхина хила веза
  6. Хьараме хӀуманах хьакхавелла хилла цавеза (масала: малар, кхин йолу алкоголь — уьш хьараме ю)
  7. Хан — шен хене хьаьжжина дан деза, хӀора ламаз.

Ламазан ракаӀаташ

РакӀат — иза хӀора ламазехь доьшуш долу сурат «Аль-Фатихьат» ду, я «БисмиллахӀ».

Ма-дарра Ламаз, РакӀат ...

Хьосташ

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads