Ле Корбюзье

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ле Корбюзье
Remove ads

Ле Корбюзье (фр. Le Corbusier; бокъул цӀе Шарль-Эдуар Жаннере-Гри (фр. Charles-Edouard Jeanneret-Gris); 1887 шеран 6 октябрь, Ла-Шо-де-Фон, Швейцари — 1965 шеран 27 август, ГӀокбгӀуьн-Кап-МагӀтен, Франци) — Швейцарехь вина французийн архитектор, модернизман пионер, художник, дизайнер.

Боца хаамаш Ле Корбюзье, Вича тиллина цӀе ...
Remove ads

Корбюзье хатӀ башхалаш

Ле Корбюзье ву ХХ бӀешеран вокхучарах архитектор. Цьуна цӀе йоккху Фрэнк Ллойд Райт а, Вальтер Гропиус а, Мис ван дер Роэ а цӀарашна уллехь. Иза, уьш санна, архитектурин реформатор вара.

Корбюзье гӀарвелла шен башха проекташ бахьнехь а, шен исбаьхла публицистика бахьнехь а.

Цьуна проекташца дуьне мадду гӀишлош йина — Швейцарехь а, Францехь а, Германехь а, Америкехь а, Аргентинехь а, Японехь а, Россиехь а, ХӀиндехь а, Бразилехь а.

Ле Корбюзье архитектурин билгалонаш йара — лаьттан тӀоьхула айбина блокаш; царна бухаш паргӀата летта колоннаш; шера тхойнаш-терассаш («тховтӀехь йолу бешаш»); чекх са гуш фасадаш («паргӀат фасадаш»); гӀоргӀа, тӀехуле кеч ца йина бетон; шорта паргӀат меттиг йолу этажаш. Цкъа маццахь цуьна шен йолу кепаш, хӀинца уьш таханлера архитектурехь массара лелош хӀумнаш ду[1].

Цуьна кхоларалла дуьне мадду даржар бахьанш ду цуьна боламе универсаллала а, цуьна ойлане йукъариллина чулацамца а. Цу йукъайехира архитектурехь паргӀата кепаш. Цуьна проекташ а, гӀишлош а бахьнехь архитекторий дог-ойла хицаелла. Цундела паргӀат кепаш архитектурехь дуьне мадду йержира.

Иза ша-тайпа стаг вара: мистик а, йукъараллин лидер а, Халкъан йуккъера вайн хенан архитекторин конгрессаш вовшахтохархо а, нахах лечкъаш Кап-МагӀтен мысехь долу шен жима цӀахь Ӏаш волу халбатхо а, пайден боламе апологет а, цуьна заманехь Ӏийна архитекторашна цхьа а пайда боцуш хетна гӀишлош йина архитектор а.

Цуьна доладийрашна йукъахь бара Андре Мальро а, Джавахарлал Неру а.

Цо даимна лелайора таьӀна костюм а, галстук-полла а, горга маьӀа куьзганаш а.

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Хаьжорагаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads