Лютераналла

From Wikipedia, the free encyclopedia

Лютераналла
Remove ads

Лютераналла-керстанан болам бу[1]. Керста динехь ширачу протестантийн боламах цхьаъ ду.

Боца хаамаш Лютераналла, Диллинарг ...

Лютераналлица доьзна ду протестанталла боху дош, хӀунда аьлча Лютеранаш Шпайер шахьрехь дуьхьало йинчул тӀаьхьа царах протестанташ олура. Кхолладелла XVI-чу оьмарехь Германехь хиллачу рефорацин боламехь, юха скандинавин мехкашкахь килсаш пачхьалкхан кепе дерзарца.

Лютеранан килсан бухенгара принципаш хӀоттина цхьана агӀор Мартин Лютерс а, цуьнан мурдаш а Руман-Католикийн килсан зуламийн дуьхьал бинчу тӀамехь а, иштта радикалан кепе йирзинчу протестантийн боламаш а (анабаптизм а, кальвинизм а, цвинглиансталла а)- кхечу агӀор.

Remove ads

ЦӀе

Дуьххьара «лютеранаш» билгало юкъаяккхна Иоганн Экко 1520-чу шарахь, Лютеран а, цуьнан агӀончийн къовсаме ваьлчу хенахь. Цхьабакъ ду, хьалхарчу муьрехь и билгалдар лютеранаш осалбаха лелош дара. Амма хан-зама яьлча дешан керла, вон доцуш маьӀна хилира. Лютерас къобал ца йора и цӀе, цуьнан Бартхиларан жайнехь и дош лелош дац.

XVII-чу оьмарех и билгало массара а тӀеэцна яцара, масала динан Ӏилманхо хил волу Филипп Николаи цец волура немцойн протестантшах «лютеранаш» аьлча[2].

Ткъе итт шеран тӀом дӀабаьлчул тӀаьхьа наха шуьйра пайда эца болабелла цу дешнан. ХӀeттe a, гӀоле а, нийса а ду «инжилан керсталла» я «инжилан керстанаш» алар.

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads