Малхбале

From Wikipedia, the free encyclopedia

Малхбале
Remove ads

Малхба́ле йа болиеДуьне хьийза агӀо. Малхбален агӀо перпендикуляран йу къилбаседе а, къилбе а агӀонашна, аьлчи а Дуьненан географин полюсашна, дуьхьала йу малхбузе агӀонна. Малхбален агӀонан +90° геодезин азимутца, −90° — астрономин азимутца.

Thumb
Малхбале мехийн ровзанан тӀехь

Шен цӀе йелла оцу агӀора малх схьакхетар бахьнехь.

Малхбален нохчийн билгало — М-бале, къаьмнашна йукъара — E (east – малхбале).

Де-буьйса нислучу деношкахь Маьлхан маарта хуьлу нисса малхбалехь.

ХӀокху заманан карташ тӀехь малхбале аьтту агӀора хуьлу.

Remove ads

Оьздангаллехь

Малхбале — Дуьне шен семин гонаха хьийза агӀо йу; тергамчан го, Малх малхбалехь гӀаттар. Малхбале хьахайо дукхаха гуттара ширачу динашкахь. Керсталлин килс йугӀуш дуьненан агӀонаш лору.[1][2]

Малхбале макрорегион санна

Малхбале дашо билгала доху Азин мехкаш (цу тӀе Европа — «малхбузен дуьне»). Термин Европин мехкашкахь йаьлла йолушшехь, Ази боккъала а лаьтта Дуьненан географин йукъал[en] малхбалехьа.

Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads