Мцхета-Мтианети

From Wikipedia, the free encyclopedia

Мцхета-Мтианетиmap
Remove ads

Мцхета-Мтианети[5][6] (наггахь Мцхета-Мтианетия; гуьрж. მცხეთა-მთიანეთი mcxeta-mtianeti; гуьрж. მცხეთა-მთიანეთის მხარე mcxeta-mtianetis mxare) — Гуьржийчоьнан хӀинцалера административан мохк. Коьрта а йойккха гӀала а — Мцхета.

Боца хаамаш Мцхета-Мтианети, Пачхьалкх ...

ДӀалоцу Гуьржийчоьнан масийтта историн мехкаш: Эрцо-Тианети, Мтиулети, Хеви, Пхейн-Мохк, Пшави, Чоьхьара Картли малхбалехьара дакъа а. Мехкан цхьадолу дакъа Къилба ХӀирийчоьно контроль еш ду.

Remove ads

Географи

Коьрта Кавказан дукъо мохк боькъу шена декъе, къелбаседа а, къилба а. И ши дакъа хотталуш ду ЖӀарин дукъ долччехь. Кавказан дукъан къилбаседа басахь ду Казбеган муниципалитетан дукха долу дакъа а, Душетин муниципалитетан жимах дакъа а.

Истори

1801 шарахь Россех дӀа кхетачу хенахь Мцхета-Мтианети мохк Картли-Кахетин пачхьалкхан йукъа богӀуш бара.

1840 шерахь хӀара мохк Гуьржийн-Имеретин губерни йукъа тоьхна, ткъа 1846 шерахь, и губерни дӀаяьккхиначул тӀехьа, Кутаиссин губернин йукъа. Оцу хенахь мехкан йукъахь яра Горин, Тушино-пшаво-пхьейн уездаш, цул совнах Горийн, Тифлисин уездийн дакъанаш а. ТӀехьо уездийн дозанаш хийцаделира.

Административан йекъайалар

Мцхета-Мтианети йукъахь ю 4 муниципалитет (2006 шо кхаччалц— кӀошташ)[7]. 2016 тӀера 2018 шш. къаччалц Мцхета гӀалина муниципалитет статус елира (мехкан муьтӀахь йолу гӀала яра).

Ма-дарра Муниципалитет, майда, км² ...

Ахалгорин муниципалитетКъилба ХӀирийчоьно дола деш ю Ленингорин кӀошт санна лоруш ю, Ахалгори (Ленингори) гӀкэ цани.

ГӀаланаш: Мцхета (7940 стаг, 2014 шарахь), Душети (6167 стаг).

ГӀалин кепара эвланаш: Тианети (2479 стаг, 2014 шарахь), Жинвали (1828 стаг), Степанцминда (1326 стаг.), Пасанаури (1148 стаг), Сиони (371 стаг).

Мехкан къаьмнийн хӀоттам
(2014 шарахь)
[12][13]

Ма-дарра стаг, % ...

Бахархойн статистика

Ма-дарра Шо, Бахархой ...

Бахархой

2018 шеран 1 январехь ларарца махкахь 93 897 бахархой бу[2], 2014 шеран 1 январехь — 108 800 бахархой (Ахалгорин кӀошт ца лоруш (Къилба ХӀирийчоь Ленингорин кӀошт).

2014 шарахь ларарца махкахь бахархой 94 573 стаг[9].

2002 шарахь гуьржаш дола деш долу декъана бахархой ларарца, 125 443 стаг вара (пачхьалкхан бахархойх 2,9 %), Ахалгорин кӀошт цани (Къилба ХӀирийчоь Ленингорин кӀошт); йоцуш — 117 740 стаг. 2008 шеран 1 январехь ларарца — 118,1 эзар стаг[14] (Ахалгорин кӀошт (Къилба ХӀирийчоь Ленингорин кӀошт ца лоруш) — 97,6 эзар стаг[15][16]). 2009 шеран 1 январехь (Ахалгорин кӀошт ( Къилба ХӀирийчоь Ленингорин кӀошт ца лоруш) — 97,6 эзар стаг[2]

Мцхета-Мтианети мехкан дукхахаболу бахархой гуьржий бу, цера массийта этнографин тобанаш ю. Къилбехьа бу картлийш, къилба-малхбалехьа бу — кахетиш, юккъерчу декъехь бехаш бу пшаваш, ломан кӀошташкахь — мохлой а, пхьей а.

ХӀирий бехаш бу Казбеган кӀоштан малхбузехьара декъехь — Трусов чӀаж Терк хина хьосташкахь. Казбеган кӀоштахь берриге хӀирий 89 я 1,7 % бу.

Мцхетан кӀоштахь хӀирийн йоккха диаспора ю (1464 стаг я 2,3 %), Тбилисин уллохь.

2008 шо кхачале Ахалгорин кӀоштан (мехкан 2008 ш. август кхаччалц Гуьржийчоьно дола деш дара) дукхахберш бара гуьржий (картлийш) (84,6 % я 6520 стаг), кӀезигахаберш бара — хӀирий (14,4 % я 1110 стаг).

Мцхета-Мтианети мехкан а, цуьна кӀоштийн а къаьмнийн хӀоттам (2014)[12]

Ма-дарра Мохк, кӀошт, массо ...
Remove ads

Галерей

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads