Океани

континент From Wikipedia, the free encyclopedia

Океани
Remove ads

Океа́ниТийна океанан йуккъерачу а, малхбузен а декъашкара шортта гулделлачу гӀайренийн а, атоллийн а гулдаран цӀе[1][2]. Океанин дозанаш билламе ду. Малхбузен доза лору Керла Гвиней гӀайре, малхбален — Пасхин гӀайре. Дукха хьолахь, Океанин йукъа ца туху Австрали, ткъа кхин а къилба-малхбален Азин, Генара Малхбален, Къилбаседа Америкин гӀайренаш а, архипелагаш а. Географин мехкашӀаморан декъехь, Океани Ӏамайо ша йолу дисциплина санна — океанистика.

Thumb
Австрали а, Океани а эхиган картин тӀехь
Thumb
Австрали а, Океани а дуьненан картин тӀехь
Remove ads

Географин хӀоттам

Thumb
Австралин а, Океанин а физикин карта (ингалс.)
Thumb
Австралин а, Океанин а регионаш
Thumb
Австралин а, Океанин а политикин карта

Океани дуьненахь уггаре дукха гӀайренаш долу меттиг йу, лаьтта Тийна океанан къилба-малхбузан а, йуккъерачу а декъехь, субтропикийн Къилбаседа а, барамера Къилба эхиган а шораллашна йукъахь[3]. Дуьненан латта дакъошка доькъучу хенахь Океани дукха хьолехь цхьаьнатуху Австралица дуьненан цхьаьна декъе Австрали а, Океани а[3], наггахь ша лаьтта дуьненан дакъа санна билгала йоккху[4].

Географин агӀора Океани йекъало масех регионашка: Микронезега (къилбаседа-малхбузехь), Меланезега (малхбузехь), Полинезега (малхбалехь); наггахь билгала йоккху Керла Зеланди[4].

Океанин гӀайренийн йерриг майда (царех уггаре йоккханиг Керла Гвиней йу) 1,26 млн км² (Австралица цхьаьна 8,52 млн км²) йу, бахархой — 10,7 млн ст. гергга (Австралица цхьаьна 32,6 млн ст.). Австрали чот ца йича, Океанин майда а, бахархойн барам а африкин Чад пачхьалкхаца цхьаьна могӀар хӀотто мегар ду.

Океанин гӀайренийн бердаш дашадо Тийна океанан дукха хӀордаша, масала, Маржанан хӀорд, Тасманан хӀорд, Фиджин хӀорд, Коро хӀорд, Сулейманан хӀорд, Керлагвинейн хӀорд, Филиппинийн хӀорд), кхин а ХӀиндин океанан Арафурийн хӀордо а.

Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads