Оьрсийн мотт

хӀиндин-европин меттан доьзал йуккъабоху славянийн мотт From Wikipedia, the free encyclopedia

Оьрсийн мотт
Remove ads

Оьрсийн мотт (ДАА: [ˈruskʲɪi̯ jɪˈzɨk])[~ 1][⇨]хӀиндиевропин меттанийн доьзалера славянийн меттанийн малхбален славянийн тобанан мотт, оьрсийн халкъан къоман мотт. Уггаре баьржинчех дуьненан меттанех цхьаъ бу — дуьненан массо а меттанашна йукъахь бархӀолгӀа бу буьйцучеран йукъара барамца[9], ворхӀолгӀа бу ненан мотт санна лелочеран барамца (2022)[10]. Оьрсийн мотт бу уггаре чӀогӀа баьржина славянийн мотт[11], Европехь уггаре чӀогӀа баьржина мотт а — географин агӀора ненан мотт лелочеран санна[12].

Боца хаамаш Оьрсийн мотт, Шен цӀе ...
Боца хаамаш

Оьрсийн мотт — Российн Федерацин пачхьалкхан мотт, Белоруссин шина пачхьакхан маттах цхьаъ, цхьаьна официалан меттанех Кхазакхстанан а, ГӀиргӀазочоьнан а, цхьацца кхечу махкийн а, коьрта къаьмнашна йукъахь буьйцу мотт Йуккъера Евразехь, Малхбален Европехь, Советийн Союзан хиллачу мехкашкахь, йалханнах цхьаъ белхан мотт ВКъКх, ЮНЕСКО, кхечу дуьненайукъара кхолаамийн[13][14][15][⇨].

Россехь оьрсийн мотт хууш берш 137,5 млн стаг (2010) ву[16]. Берриш дуьненахь оьрсийн маттахь къамел до 258,2 млн стага (2022)[9][⇨].

Оьрсийн меттан фонологин могӀа консонантизман чолхе хиллачу историн амалехь бу, цуо йукъаозайо 37 мукъаза аьзнин фонема, кӀеззиг чолхе вокализман чолхе система, цунна йукъайогӀу 5 йа 6[~ 2] мукъа аьзнийн фонема. Цу тӀе мукъа озан системехь санна, мукъаза озан системехь билгалдоккху алсама дукха кепаш позицин кепаш хийцарехь. Масала, мукъа озо уоза ца дечу позицехь гӀелдо, цхьа могӀа меттигашкахь къаста ца до. Уозадар оьрсийн маттахь — динамикин, тайп-тайпана меттигашкара а, лелаш а ду[17][18][⇨].

Морфологин хӀоттамца оьрсийн мотт алсама флективан, синтетикин бу. Лексемийн грамматикин маьӀна дӀало, дукха хьолехь, флексин гӀоьнца. ХӀора флексино дукхах дерг гойту цхьаьна хеннахь масех маьӀна. Синтетикин кепашца цхьаьна, оьрсийн маттахь го иштта аналитизман дакъалгаш кхиар[19][⇨].

Оьрсийн меттан синтаксисан амал гӀеххьа паргӀат хуьлу дешнийн низамца, духь-дуьхьала хӀиттадо цхьаьнакомпонентан а, шинакомпонентан а атта предложенин структураш, чолхе предложенеш кхаа кепара хиларца, интонацин гӀирсийн жигара рольца[20][⇨].

Оьрсийн меттан лексикин хӀоттам шен бухца — генара схьа оьрсийн бу. Дошаман фонд йузаран гӀирсаш — шайн моделашца дешнаш дахар а, схьаэцар а. Хьалха схьаэцна дешнаш ду славянизмаш, желтойн а, туьркийн а меттанаш. XVIII бӀешарахь дуьйна алсама ду голландин, немцойн, французийн маттара схьаэцна дешнаш, XX бӀешерера — англицизмаш[20][⇨].

Оьрсийн меттан геннаша леран ши тоба йо: къилбаседа а, къилба а. ХӀора меттан генна уллехь гулло дехьаволу йуккъераоьрсийн лер, царех бух хилла хӀокху заманан литературин меттан[13][⇨].

Оьрсийн меттан исторехь къаьста кхоъ коьрта мур: шираоьрсийн, оьрсийчун йукъара, белоруссин, украинийн меттанаш (VI—XIV бӀешераш), шираоьрсийн йа сийлахьоьрсийн (XIV—XVII бӀешераш), къоман оьрсийн мотт (XVII бӀешеран йуккъера)[21][⇨]. Йозанан бух тӀехь лаьтта шираславянийн кириллица[⇨].

Оьрсийн меттах Ӏилманийн комплексах олу лингвистикин русистика[13][20][⇨].

Remove ads

ЦӀерах лаьцна

Thumb
«Оьрсийн мотт» йаздар — В. Ф. Бурцовн азбукера (ер а, ерь дӀаделла паерокан), 1637 шо

«Оьрсийн мотт» лингвоним йогӀу этнонимца а, топонимца а «Русь». Цхьа могӀа историн хийцамаш бахьнехь (-о- кепаш йукъайовлаца а, шала -сс- даларца а) йевлла таханлера меттан, къоман, пачхьалкхан цӀераш: «оьрсийн мотт», «оьрсий», «Росси»[22][23].

Тайп-тайпанчу заманахь цхьаьна могӀара цӀарца «оьрсий» лелош дара иштта лингвонимаш, масала, «российн» а, «сийлахьоьрсийн» а. Хьалхарниг кхоьллира желтойн Русин цӀарах — «Росси», шолгӀаниг кхоллало хоронимах «Сийлахьросси». ЦӀе «российн мотт» йукъайаьлла XVII бӀешарахь, шуьйра йаьржина XVIII бӀешарахь, иза лелийна, масала, М. В. ЛомоносовсРоссийн грамматика»). XIX бӀешеран хьалхарчу декъехь и лингвоним ширъелла, дехьайаьлла лексикин историзме[24]. ЦӀе «сийлахьоьрсий» йукъайаьлла хиллачу декъадаларца шираоьрсийн латтанаш Сийлахь а, Жима а, КӀайн а Русь; дукха хьолехь иштта цӀе ца лелайо къоман йа литературин мотт билгалбаккха, ткъа меттан ген къамел сийлахьрусийн билгалдаккхархьама лелайо. XX бӀешеран йуьххьехь термин «сийлахьоьрсийн» йукъара даьлла жигара лелорна[25][26].

Remove ads

Лингвогеографи

Ареал а, барам а

Оьрсийн мотт баржаран коьрта мохк бу Российн Федераци. 2010 шеран нах багарбаранца, оьрсийн мотт буьйцучеран барам бара 137 495 эз. стаг (99,4 % оьрсийн мотт хаий аьлла жоп деллачарех)[16], царех оьрсий110 804 эз. стаг[27]. ГӀаланашкахь оьрсийн мотт буьйцура 101 млн стаг (99,8 %), йуьртахь — 37 млн стаг (98,7 %). Оьрсийн мотт ненан мотт бу аьлла гайтина 118 582 эз. стаг, царех оьрсий — 110 706 эз., украинаш — 1456 эз., гӀезалой — 1086 эз.[28] 2002 шеран бахархой багарбарца, оьрсийн мотт хаар гайтира 142,6 млн стага (99,2 %)[29].

Российн Федераци йоцург, оьрсийн мотт шуьйра баьржина иштта цьа могӀа кхин пачхьалкхашкахь, ССРС йукъахь хиллачийн. Тайп-тайпана хаамашца, оьрсийн мотт лелориш оцу махкашкахь бу 52 млн (2005) тӀера 94 млн кхаччалц стаг (2010)[30][31].


Таблица № 1. Оьрсийн мотт хуур берш 2004 (млн стаг):

Ма-дарра Пачхьалкхаш/ дуьненан регионаш ...

Лексика

Оьрсийн меттан лексикин фонд кхуллу дешнаша, кхолладеллачу хьалхарчу лексикин бух тӀехь а, кхечу маттера тӀеэцначу дешнех а. Схьайаларца хьалхалера лексико шена йукъатуху йукъарахӀиндоевропин (кхоъ, нана, хи, хила), йукъараславянийн (куьг, аьхке, догӀа́, буц, йет, лаам, дика, кӀайн), малхбаленславянийн (ваша, доьзал, дика, шовзткъа, хӀинца), шеш оьрсийн лексикин гӀатлеш[32]. Оьрсийн дошкхолларан моделашца дина дешнаш ду оьрсийн маттахь 95 % йерриг дошаман хӀоттамех. ТӀеэцна лексика къастало хенаца а, тӀеэцаран хьосташца а, ткъа цуьнан ладаме дакъа кхулла килсаславянизмаш[20][33].

Оьрсийн маттера славянизмаш йа килсанславянизмаш (тӀеэцна шираславянийн а, килсанславянийн а меттанаш) къаьста масийтта хьесапца: йуьззина озан доца дешнийн цхьанакхетар ра, ре, ла, ле (догӀу шира оьрсийн — оро, ере, оло, еле): врагво́рог, дре́воде́рево, властьво́лость, пленполо́н; дешнийн цхьанакхетар ра, ла дешнийн хьалха (догӀуш хила ро, ло): ра́вныйро́вный, ладья́ло́дка; дешнийн цхьанакхетар жд (догӀуш хила ж-ца): чу́ждыйчужо́й; фонема хиларца щ (догӀуш хила ч-ца): освеща́тьсвеча́; е — дешан йуьххьехь (догӀуш хила о-ца): еди́ныйоди́н; а — дешан хьалха (догӀуш хила я-ца): а́гнецягнёнок кхин дӀа а. Оьрсийн маттахь славянизмаш йина стилистикин а, семантикин а ассимиляци, цуьнца цхьаьна дӀакхетта цӀена оьрсийн лексикица (о́бласть, среда́, достоя́ние), кхин йеина йукъа лекха а, поэтин а лексикаш (внимать, глас, созидать, таинство), кхоалгӀаниг йукъайахана ширделла дешнийн категорин. Цхьа могӀа славянизмаш цхьаьна ду оьрсийн дублеташца, уьш къаьста маьӀница йа стилистикица: власть / во́лость, глава́ / голова́. Славянизмийн ладаме дакъа ду желтой дешнийн калька[34][35].

Remove ads

Хьаьжа кхин а

  • Оьрсийн куьйгаэшаран мотт
  • Уьйранийн меттанаш оьрсийн меттан бух тӀехь
  • Российн Федерацин Правительствехь оьрсийн меттан кхеташо
  • Йерригроссийн ишколхошна йукъара олимпиада оьрсийн меттах
  • Оьрсийн меттан де
  • Российн меттанаш
  • Оьрсийн литература

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads