Пневмони

From Wikipedia, the free encyclopedia

Пневмони
Remove ads

Пневмони (ширачу желтойн маттахь πνευμονία — «пехийн цамгар», πνεύμων — «пах»[1]), пехашна хьу кхетар — пехийн хьунан цамгар ю, хьалхарчу рогӀехь цо адаман альвеолаш олу хӀаваан тӀоьрмигаш талхабо[2][3].

Thumb
Streptococcus pneumoniae — бактерийн пневмони луьста карзахйоккхург

Цамгаран билгалонаш

Пневмонин рогӀера симптомаш ю:

  • садоьӀучу а, йовхарш еттачу а хенахь накха чохь лазарш
  • шет
  • садоьӀучу а, къамел дечу а хенахь са лоьцуш бала хьегар
  • кӀадвалар
  • дегӀан барамера лахара температура (кхузткъе пхи шарал сов хан йолу нехан а, гӀийла иммуннан система йолу нехан а)
  • хенарчу адамийн дог-ойла а, аппетит а, физически жигаралла а хийцаялар
  • дог керчар а, Ӏеттор а, чохьлазар а (наггахь бен ца хуьлу)[4]
Remove ads

Классашка екъар

Триггере хьаьжжина билгалйоккху:

  • хьалхара пневмони — ша къаьстина цамгар ю;
  • шозлагӀа пневмони — кхечу цамгаран фонехь кхуьу; масала дӀа ца йолу бронхитан хьолехь шозлагӀа пневмони;
  • радиационан кеп — онкологин патологин радиотерапи ечу хьолехь йолало;
  • посттравматикан — некхан ваз лазинчу хьолехь йолало. Цуьнан жамӀ ду бронхиалан секрет сацар а, пехийн вентиляци талхар а. И бахьанаш долуш пехийн хьасаш чохь хьунан процессаш йолало.
Remove ads

Хьостанаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads