Роналдо

From Wikipedia, the free encyclopedia

Роналдо
Remove ads

Рона́лдо (порт.-браз. Ronaldo; йуьззина цӀе — Рона́лду Луи́с Наза́риу ди Ли́ма[4], порт.-браз. Ronaldo Luís Nazário de Lima; вина 1976 шеран 22 сентябрехь[5], Рио-де-Жанейрохь, Бразили) — бразилин футболист, левзина тӀелатархочун позицехь. Дукхаха болчу футболан кхолламашна, говзвнчашна, спортхошна хетарехь, ву футболан исторехь уггаре дикачех цхьаъ[6][7][8][9][10].

Боца хаамаш Роналдо, Йукъара хаамаш ...

Шозза дуьненан чемпион, дуьненан вице-чемпион, Castrol Index талламца дуьненан чемпионатийн исторехь уггаре дика футболист[11][12], 1998 а, 2002 а шерашкара дуьненан чемпионатийн уггаре дика аренан футболист, 2002 шеран дуьненан чемпионатан уггаре дика бомбардир, дуьненан чемпионаташкахь чутоьхначу буьрканашца экс-рекордсмен (2014 шарахь цулла хьалхавелира Клозе Мирослав), футболисто цхьаъ тоьхна а буьрка тоьхна матчийн бараман дуьненан чемпионатийн рекордсмен[13][14], йерриг дуьненайукъара турнирашкахь голийн барамца рекордсмен, ФИФА а, World Soccer журналан версица кхузза уггаре дика футболист, шозза йаьккхина «Дешин буьрка», цкъа – «Дешин бутса», Дуьненан уггаре сийлахь бӀе футболистийн испискин йукъатоьхна 13-гӀа меттиге хӀоттийна «World Soccer» журналан (1999 шо) версица, ФИФА 100 испискин йукъахь ву, А серин итт шеран уггаре дика ловзархо ву аьлла къобал вина Италин футболистийн ассоциацин версица (1998—2007)[15], лучший игрок десятилетия по итогам голосования на портале goal.com (2000—2009)[16], 17 шо долуш дуьненан чемпион хиллачу шиннах цхьаъ ву, Пелеца цхьаьна, Ромариоца а, Херст Джеффрица а цхьаьна, кхааннах цхьа ловзархо ву дуьненайукъара къоман командин турнирехь хет-трик йиначех.

Remove ads

Жималлин шераш

Роналду Луис Назариу ди Лима вина Бенто-Рибейрохь, Рио-де-Жанейрон къиенчу йисттехь, 1976 шеран 18 сентябрехь, амма дас-нанас официалан кехат 22 сентябрехь бен ца даьккхира. Нанас цунна цӀе тиллира бер схьаэцначу акушеран Роналду Валентен сийнна.

Роналдо футболех ловза волавелира 6 шо долуш, 8 шо долуш совгӀатан дас цунна цӀоканан буьрка йелира, ткъа 12 шо долуш цунах хилира берийн спортан футзалан «Валкейре» клубан ловзархо. ТӀаьхьарчу шерашкахь Роналдо футзал йоккха футболца цхьаьна ловза волавелира «Сан-Кристован» командехь. Шинне а турниран уггаре дика бомбардир хилла, цуо чеккхенца хаьржира йоккха футбол. Цу йукъа дукха хан йолале прессехь хьехо долийра «керла Пеле» вала тардалар.

Remove ads

Крузейро

1993 шарахь Роналдо дехьавелира шен дуьххьарчу профессионалан футболан клубе — «Крузейро», трансферан мах хӀоттийра 50 000 АЦШ доллар. Оцу клубехь 1993 шеран июлера 1994 шеран август кхаччалц цуо туьйхира 57 гол (царех 44 — официалан матчашкахь), цунах хилира клубан уггаре дика бомбардир, хьовсархойн а, европера клубийн говзанчийн а боккха тидам багӀара цуьнга. Цхьаьна матчехь, «Байя» клубан дуьхьала, Роналдос туьйхира пхи гол, йелира голан цхьа пас.

Remove ads

ПСВ

Хьалхара шо

Голландин ПСВ клубе Роналдо дехьавелира 1994 шеран июлехь 5 млн. стерлингийн фунтех. Цунна тӀаьххье йаздира спонсоран контракт Nike компаница. Нидерландийн мотт а, акклиматизацица йоьзна халонашка хьаьжна ца Ӏаш, Роналдос дебютан шарахь, 17 шо долуш, хилира Голландин чемпионатан уггаре дика бомбардир, ткъа цуьнан команда хилира кхоалгӀа.

1995 шо долалуш Миланан «Интеран» президента Массимо Мораттис барт бира ПСВца «Интеран» бразилхо иэца коьрта бакъо хиларах. Оцу шеран бӀаьста Роналдо, садоӀуш Миланехь волуш, къамел дира Мораттица.

ШолгӀа шо

Лазийна гола

ШолгӀачу шарахь Роналдон гӀуллакхаш гӀуо дуодара, цуьнан команда йуха а кхоалгӀа хилира чемпионатехь, цуьнан голашкахь лазар гучуделира. Тренировкаш сацийра масех денна, амма цуо гӀо ца дира, ловзархочун физикин кеп дика йолчура гена йаьллера, хиира голана операци йезарх. 1996 шеран февралехь операци йира, Роналдо 4 баттана йукъара велира, иза цунна дуьне дохар санна дара. Бразилин къоман командин форвардо Ромариос хьекъал делира ша товинчу физиотерапевте Нилтон Петроне вистхила аьлла. Роналдо Эйндховен йитина вахара клинике 90 дийнан жигара физиотерапи курс йаккха. Йерриг оцу хенахь бразилхочо болх бира тренажёран залехь, бассейнехь нека дора.

Йухавар

ЖамӀ — форвард кхиира меттахӀотта Голландин кедан финал йолуш, амма коьрта тренеро Адвокат Дика оцу матчехь масех минотехь бен ца ловзийтира, ловзархо хийца йукъаваьккхира. Цул тӀаьхьа Роналдос сацам бира ПСВ йитина, кхечу клубе дехьавала.

«Барселона»

Thumb
Роналдон Кедийн кедан ПСЖца матчера финалера пенальтин гол

Дехьавалар

Олимпийн ловзаршкахь Атлантехь Бразилин гулйина командо йехира борзанан мидалш, ткъа Роналдо хилира командехь уггаре дикачех цхьаъ. «Барселона» йистхилира ПСВ трансфер йаран дехар деш, голландин клубо, хьалха бинчу бертаца кховдийра «Интере» каталонхойн 20 млн доллар болу мах бохор. Массимо Моратти ца ийцира ловзархо, цунна мах тӀех лакхара хийтира. ЖамӀехь «Барселоно» контракт йаздира Роналдоца АЦШхь. Иштта йаздира керла контракт Nike фирмица.

Клубехь ловзар

1996 шо

Роналдон керла клубера хьалхара ловзар хилира доттагӀаллин матчехь, цул тӀаьхьа йолайелира чемпионат, иза аьтту болуш хилира цунна, иза голаш етта волавелира. «Компостелин» дуьхьалчу матчехь, оцу хенахь испанин чемпионатан йуккъера команда, Роналдос, шайн агӀора буьрка схьа а йаьккхина, мостагӀчух ведда, цуо вожош латтара иза футболка а лаьцна, йерриг дуьхьало а, кевнахо а ловзийна гол туьйхира. Дика левзира шо чекхдаллалц, цуьнан жамӀашца иза дуьххьара хуьлу дуьненан уггаре дика футболист ФИФА версица.

1997 шо

1996/97 шеран хьалхарчу декъехь чӀогӀа дика ловза волавелла, Роналдос шен гӀуллакх дӀадаьхьира керлачу шарахь а. Шо чекхдаьлча дуьненан уггаре дика ловзархочун чоьтехь йара 47 гол 49 ловзарехь. Цуьнан голаш бахьнехь клубо толам баьккхира Кад баьккхинчеран кедехь а, Испаникедехь а. Ша Роналдо хилира Испанин чемпионатан уггаре дика бомбардир, 34 голаца 37 ловзарехь, йаьккхира «Дешин бутса».

Remove ads

«Интернационале»

Дехьавалар

1997 шеран июлехь Роналдо дехьавелира миланан «Интере». Италин клубо делира «Барселонин» Роналдох 25 млн стерлингийн фунт[17], оцу хенахь цунах хилира футболистан трансферан рекорд. Клубан штаб-квартирехь ловзархочун дуьхьала веира 10 000 хьажархо, кхин оццул веира командин тренировкин центре. Роналдон шен хьомен 9-гӀа лоьмар меттана, иза дӀалаьцна йара, йелира 10-гӀа. Букъ тӀехь Ronaldo цӀе йолу футболкаш жигара дӀаоьцура фанаташа.

Клубехь ловзар

1997/1998 шо

Клуб а, чемпионат а хийцаро гӀуон Ӏаткъам ца бира Роналдон. Ша хет-трик йина «Пьяченцаца» хиллачу матчал тӀаьхьа, фанаташа цӀе тиллира цунна Феномен аьлла. 1997 шеран жамӀашца Роналдон йелира «Дешин буьрка», исторехь дуьххьара шолгӀа а хилира шеран ловзархо ФИФА версица. «Интер» чемпионаллин къовсамехь ийшира «Ювентусал», шолгӀа хилира, кхин а клубо баьккхира УЕФА кад, ахфиналехь москохан «Спартак» иэшийна.

Remove ads

Ловзаран статистика

Карьера гайтар

Ма-дарра Команда, Мур ...

Клубан карьера

Ма-дарра Клуб, Шо ...
Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads