Саксони (латта)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Саксо́ни (нем. Sachsen, л.-луж. Sakska), официалан цӀе: Маьрша пачхьалкх Саксони (нем. Freistaat Sachsen, л.-луж. Swobodny stat Sakska) — Германин латта. Коьрта гӀала — Дрезден.
Майсен Марк 929-чу шарахь кхолларца дIайолало Маьрша пачхьалкх Саксонин 1.100 шо гергга йеха йолу истори.
Саксонин латтанах 1918-чу шарахь республика хилла, ткъа и республика национал-социалистин 1933-чу шарахь Iедал карадаххалца бен ца лаьттира.
Маьрша революци дIайоьдучу хенахь, Саксонин латта йухаметтахIоттадаран хьокъехь къамелаш дIадуьйладелира.
Майсенера Альбрехтсбург цIе йолу гIопахь 3-чу октябрехь 1990-чу шарахь йуха керла дIахIоттайира Маьрша пачхьалкх Саксони.
Тахана Маьрша пачхьалкх Саксони шен диъ миллион бахархошца а, 18.400 гергга йеакIов километарца Германин йукъадогIу латтанех йалхолгIачу меттехь ду майдане хьаьжча.
Remove ads
Деза денош
Дийнна Германехь лору керла шо а, марха досту де(пасха) а, белхан де а, Iийсан стигала валар а, немцойн цхьааллин де а, Iийса элча вина де а, Pfingsten(кхаала, кхоъ хилар) а, дика пIераскан де а доцург кхин а даздо Саксонехь реформацин деза де а, дохковаларан а, ламаз даран а де.
КӀоштанаш

- Гёрлиц
- Баутцен
- Саксонин Швейцари — Малхбалера Рудни Лаьмнаш
- Майсен
- Юккъера Саксони
- Рудни Лаьмнаш
- Лейпциг (кӀошт)
- Къилбседера Саксони
- Цвиккау (кӀошт)
- Фогтланд
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads