Салават

Мухьаммад хьахийча бусалбачара олуш долу дешнаш From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Мухьаммад пайхамарна ﷺ салава̄т диллар (Ӏаьр. الصَّلَاةُ عَلَى النَّبِيِّ, ас-сала̄ту Ӏалан-набий) йа таслият (التَّصْلِيَةُ), цуьнан дешнаш ду «Саллалла̄хӀу ӀалайхӀи ва саллам» (صَلَّى اللهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ) — иза бусалбачара Мухьаммад пайхамар ﷺ хьахийча, иза вазвеш олуш долу дешнаш ду. Мухьаммад пайхамарна ﷺ салават диллар хьахийна ду Къуръан чохь: ﴾Баккъалла а Дала а, Цуьнан маликаша а салаваташ дохку пайхамарна. ХӀай ийман диллинарш! Салават дилла цунна, маршо а йеха﴿ [Къуръан 33:56].

Remove ads

Хьостанаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads