Сестерци

From Wikipedia, the free encyclopedia

Сестерци
Remove ads

Сестерци (лат. sestertius) — шираруман детин нахарта (Августан заманара дуьйна — цӀестан лаламах) дозалла ши асс цхьа семис (1/2 асс), иза гайтина цуьнан цӀеро. Латинера ма-дарра гочдича «кхоалгӀачух ах» (лат. semis + tertius) бохург ду, аьлчи а ши асс а, кхоалгӀачух ах а бохург ду. Нахартин номинал билгалъяккхара аббревиатурица IIS (HS йа IIS), IIруман терахь, билгалдоккху ши асс хилар, S — семис (ах).

Thumb
Траянан сестерци, Рум, 116-117 шераш

Вайн эрал 217 шо хьалха (211 йа 269 кхечу версешца) Румехь йукъайаьккхира керла нахартийн система дешийн, детийн, борзан нахарташ долуш, бух хилира детийн денарий, 10 ассе кхочуш долу. Зорба тухуш дара иштта детийн нахарташ — денариеш (10 асс), квинариеш (5 асс), сестерциеш (2 1/2 асс). Денарийн дозалла 4.55 грамм яра (980 чам) йа 1/72 фунт (4 скрупула).

Цхьаьна версица, оцу билгалонах долларан хьаьрк схьаелира — [хьост?].

Remove ads

Хьажа иштта

  • Шира Руман нахартийн система

Литература

  • Мэттингли Г. «Монеты Рима». — М.: Collector’s Book, 2005.

Хьажоргаш

  • Обнорский Н. П. Сестерци // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). СПб., 1890—1907.
Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads