Симферополан кӀошт

From Wikipedia, the free encyclopedia

Симферополан кӀоштmap
Remove ads

Симферо́полан кӀошт (укр. Сімферопольський район, гӀирман гIез. Симферопол (Акъмесджит) районы, Aqmescit rayonı) — ГӀирмин йукъара кӀошт.

Боца хаамаш Симферополан кӀошт, Пачхьалкх ...

Административан йукъ — Симферополь гӀала (ша кӀоштан йукъа ца йогӀу).

Remove ads

Географи

Лаьтта республикин йуккъерачу декъехь. Доза ду къилбаседа-малхбузехь Сакин кӀоштаца, къилбаседехь — Красногвардейскан кӀоштаца, малбалехь — Белогорскан кӀоштаца, къилба-малхбузехь — Бахчисарайн кӀоштаца, къилба-малхбалехь — Алуштин гӀалин гуонца (Алуштин гӀалин кхеташонца), малхбузехь жимма Ӏаьржа хӀорд тӀе араволийла ду, посёлок Николаевка йолчохь.

КӀоштан мохк къилбаседехьа бай-аренаш йу, йуккъерачу а, къилба а декъошкахь — ломанан хьалхара раьгӀнаш а, царна йукъара пурхнехьа чутаӀарш а ду, къилба-малхбалехь — къилбаседа басенаш ГӀирмин лаьмнийн коьрта рогӀан яйлин массиваш йу. ГӀирмин йуртийн регионашлахь къаьста йоккха бахархойн луьсталлица.

КӀоштан майда — 1753 эз. кв. км., берриг республикин махках — 6,7 %

Remove ads

Истори

1921 шарахь ГӀирмин АССР кхоьллина Подгородне-Петровски а, Сарабузски а кӀошташ, церан йаккъаш йара йарташ Подгородне-Петровски (хӀинца Симферополан йукъахь) а, Спат (хӀинца гӀтп Гвардейски) а. 1923 шеран ноябрехь ший а кӀошт дӀайаьккхира, уьш йукъайахара керла йинчу Симферополан кӀоштана. 1930 шарахь Симферополь республикан (1945 шерера 1991 шо кхаччалц — областан) куьйгакӀелара гӀала, ша йолу гӀалин кхеташо санна. 1931 шеран 1 октябрехь бахархой хилира 39 эзар стаг 234 нах бехачу меттигехь[9]. 1959 шеран 23 сентябрехь Симферополан кӀоштах схьатуьйхира дӀайаккхинчу Зуйскан кӀоштан дакъа[10]. 1962 шеран 30 декабрера 1965 шеран 4 январь кхаччалц Симферополан кӀошт цхьаьна ханна дӀайаьккхира Бахчисарайн кӀоштанна пайденна[11][12].

Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Нах беха меттигаш

ХӀост

Thumb
2013 шеран хӀост
Thumb
2015 шеран хӀост
Thumb
2023 шеран хӀост

VI кхайкхаман Симферополан кӀоштан кхеташонан 19-гӀа сессин сацамца 2013 шеран сентябрехь чӀагӀбина Симферополан кӀоштан сийлалла лелоран чулацам, сурт хӀоттор, низам, цуьнца кӀоштан хӀост ду кӀайн турс, йуккъехь аса йу Автономин Республика ГӀирмин а, Украинин а байракх кепара, цунна тӀаьхь сийна кемсийн гӀа, кан, кхаба таьӀна-цӀен басахь. Турсан лахахь лаьтта кӀен кенаш дешин а, сийна а бесара. Турсан лакхарчу декъехь маьлхан зӀаьнарш йу, царна тӀехула — цӀе йу «Симферополан кӀошт»[28]. 2014 шеран февралехь—мартехь йинчу Российн Федерацис ГӀирмин йина аннексица Симферополан кӀоштан кхеташоно 2015 шеран 4 августехь чӀагӀдина кӀоштан керла хӀост:

Remove ads

Хьажоргаш

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads