Сомма (департамент)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Сомма (фр. Somme, пикагӀд. Sonme) — Францин къилбаседера департамент, О-де-ФгӀанс регионан цхьа департамент. РогӀера лоьмар — 80. Административан йукъ — Амьен. бахархой — 571 632 стаг (2014 ш. хаамаш).
Remove ads
Географи
Сомма департамент лаьтта историн областехь ПикагӀдехь, доза ду французийн департаменташца Па-де-Кале, НогӀ, Уаза, Эна, ХӀордйистан Сена. Малхбузехьа хиш ду Па-де-Кале хидоькъен. Департаментан берриг махкахула чекхдолу Сомма эрк, цуо йелла и цӀе департаментан. Мехкан майда — 6170 км².
Департаментан коьрта гӀаланаш йу Амьен, Абвиль, АльбегӀ, ПегӀонн, Мондидье, КогӀби, Дуллан, ГӀуа.
Истори
Сомма — 1790 шеран мартехь Сийлахь французийн революци йолуш дуьххьара кхоьллинчу 83 департаментех цхьаъ йу. Кхоллаелла ПикагӀди провинцин хиллачу махкахь.
Хьалхара дуьненан тӀом боьдуш кхузахь хилла даккхий тӀемаш (1916 а, 1918 шо а — Соммера тӀом).
Административан йекъайалар
Департаментан йукъабогӀу 4 гуо, 23 кантон, 779 коммуна.
- Сомма департаментан гуонаш
- Сомма департаментан коммунаш
Политика
Департаментан бахархоша 2017 ш. Президентан харжамашкахь кхажтасаран жамӀаш:
1-й тур: Марин Ле Пен (Къоман фронт) — 30,37 %; МакгӀон Эммануьэль ("Хьалха!") — 21,75 %; Меланшон Жан-Луьк ("Къарйанза Франци") — 18,61 %; Фийон Франсуа (Республикахой) — 16,22 %; кхин кандидаташ — 5 % кӀезиг.
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads