Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкдаьттан техникин университет
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Со́ьлжа-ГӀа́лин пачхьа́лкхан мехкда́ьттан те́хникин акаде́микан М. Д. Ми́ллионщиковн цӀара́х униве́рситет — 1920 шарахь Соьлжа-ГӀалахь кхоьллина лакхара дешаран меттиг. 1945 шарахь совгӀат дина Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орденца. Хьалхара цӀе — Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкдаьттан институт. Лаьтта Соьлжа-ГӀалахь (Нохчийчоь).
Институт — мехкан мехкдаьтгазан профилан ширачех лдм йу, цигахь дешна РӀА академикаш А. А. Дородницина, М. Д. Миллионщиковс, ССРС химин а, мехкдаьттахимин а промышленностан министро С. Н. Хаджиевс, мехкан мехкдаьттан а, газан а комплексан лакхара куьйгалхоша.
Институт йукъахь 1 факультет а, 5 институт а йу.
Remove ads
Истори
Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институт кхоьллина 1920 шарахь Лакхара мехкдаьттан техникум санна, йукъахь бархӀ дакъа а долу, царех шиъ лакхара а долуш. 1920 шарахь кхоьллира ши факультет: мехкдаьттан промыслан а, маьхкдаьттан технологин а[1]. Дуьххьара инженераш арахийцира 1925 шарахь. 1929 шарахь дешаран меттиган союзан маьӀна долу лдм статус йелира. 1945 шо чекхдолуш ССРС Лакхара Кхеташонан президиуман Омарца, аьттонца мехкдаьттан промышленностан кадраш кечдарна, Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттан институтана совгӀат дира Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орденца[2].
1973 шарахь институтана йелира шенан чохь дешначу академикин— Социалистийн Къинхьегаман Турпалхочун, ССРС Ӏилманийн Академин баккъала волчу декашхочун, ССРС ӀА вице-пpeзидентан, РСФСР Лакхара Кхеташонан председателан, Советийн Пагуошан комитетан председателан, Ленинан а, шозза Сталинан а совгӀатийн лауреатан М. Д. Миллионщиковн цӀе.
1980-гӀа шераш йуккъе доьдуш институтан Ӏилманан-хьехархойн а, материалан-техникин потенциало таро лора мехкдаьтгазан технологин циклан массо а говзаллашца кечам бан. Лакхарчу дешаран меттигехь кхоллало, вайн махкахь хилла а ца Ӏаш, дозанал арахьа йевза, шайн Ӏилманан ишколаш. Институтан Ӏилманчаша бух тӀера кечамаш бора мехкдаьтгазан геологин а, геофизикин а, буру тохаран а, мехкдаьттанан, газан буру тохаран а, мехкдаьтта тодаран а, нефтехимин а, йовхонан физикин а, гӀишлошйаран а областехь.
Шен исторехь Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттанан институто мехкан халкъан бахаман тайп-тайпанчу отраслашна кечвина 50 эзар сов говзанча. Царна йукъахь пхиъ Социалистийн къинхьегаман Турпалхо, ССРС мехкдаьттахимин а, мехкдаьттатодаран а промышленностан министраш (В. С. Федоров а, С. Н. Хаджиев а), мехкдаьттанан промышленностан министраш (Н. А. Мальцев а, Л. Д. Чурилов а), РСФСР геологин министр Д. Л. Федоров, ССРС уггаре йоккха «ГлавТюменьнефтегаз» главкан хьаькам В. И. Муравленко, ССРС ӀА а, РӀА а академикаш М. Д. Миллионщиков, А. А. Дородницын, С. Н. Хаджиев, УССР ӀА В. А. Сельский, ССРС Министрийн Кхеташонан Ленинан, Сталинан, Пачхьалкхан совгӀатийн лауреаташ. Тахана Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттанан институтехь дешна студенташ коьртехь бу йаккхий предприятийн, акционерийн а, кхин а компанешна. Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттанан институтехь дешнарш ган тарло ССРС хиллачу хӀора мехкдаьтгазан регионехь.
Remove ads
Институт тахана

Тахана институтан материалан-техникин базан бехкамашна а, дешаран корпусан процессан стандарташна а, жоп луш йу, чохь лингафонан кабинеташ а, компьютеран классаш а, хӀокху заманан дешаран лаборатореш а йу. Институтан массо а факультеташкахь болхбеш йу 30 лаборатори, 15 компьютеран классаш. 2006 шарахь дуьйна болх беш йу хаамийн-лараран центр. ЛДМ чура зорба тохар леладо институтан арахецараллин-полиграфин центро. № 1 йолу институтан корпус тӀетесна Интермашин глобалан машин, цунна тӀекхочийла ду кхиинчу локалан машин чухула институтера муьлххачу компьютер тӀера. Институтан библиотека жайнаш Ӏалашдаран а, дӀадаларан а оьшучу техникин гӀирсаш болуш йу. Тахана институтан йукъара жайнин фонд йу 250 000 гергга экземпляр.
Лакхара дешаран меттигера дешаран процесс дӀахьо 550 гергга хьехархочо, царна йукъахь ву 15 Ӏилманийн доктор, 70 Ӏилманийн кандидат, 30 профессор, 75 доцент. Институтан 37 кафедрех 22 арахоьцу 32 говзаллин говзанчаш. Институтехь доьшу 6500 гергга студенто, царна йукъахь 3500 сов дуьхьала болчу кепара Ӏамор. ТӀаьхьарчу пхеа шарахь институто арахецна 3000 сов говзанча, царех 150 стаганна делла тӀех дика дешаран дипломаш.
Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттанан институтан бух тӀехь ойла йу кхолла шена чу йуьхьанцара а, йуккъера а, лдм тӀаьхьара а говзаллин дешар догӀу техникин университетан комплекс.
2012 шарахь йина чекхйаьккхина керла дешаран корпус. Кхин а 2000-гӀа шерашкахь йина чекхйаьккхина студентийн йукъара бахаран гӀишло, СПМИ Роиийн Турпалхочун Кадыров Рамзанан цӀарах спортан гӀала.
1990-гӀа шерашкахь Нохчийчуьра арабаьлла берриг аьлча санна институтан хьехархойн хӀоттам, дукхаха болу институтан хьехархой а, студенташ а байна йа белла Нохчийчуьра тӀеман заманахь[3]. Институтан гӀишлош йохийра федералан авиацис 1995 шеран январехь-февралехь.
Федералан Ӏалашонан программица 2007 шарахь тойан йолийна институтан гӀишлойн комплекс. 2012 шарахь Хрущёвн майданахь дӀайиллина СПМТУ керла корпус.
Remove ads
Кафедраш а, церан куьйгалхой а
- Мехкдаьтта а, газ а йолу меттигаш тайаран а, лелоран а кафедра. 36 шарахь сов кафедран куьйгаллехь вара Гужов Александр Иванович.
- Автоматизацин а, урхаллин а кафедра. Кафедрин куьйгалла до техникин Ӏилманийн докторо Минцаев Мохьмада Шавалун воӀа.
- Философин кафедра — Кафедран куьйгалхо — профессор, философин Ӏилманийн доктор Нанаева Барет Балаудин йоӀ.
- Теоретикин механикин кафедра. 1934—1939 а, 1941—1944 шерашкахь кафедрин куьйгалла дира Щелкачёв, Владимир Николаевича (1907—2005) — лаьттан бухара гидродинамикин областера российн Ӏилманча, техникин Ӏилманан доктор, профессор, ССРС Пачхьалкхан совгӀатан лауреат.
СПМТУ факультеташ а, институташ а
- Прикладни а, хаамийн а технологийн институт;
- Мехкдаьттанан а, газан а институт;
- Энергетикин институт
- Экономикин а, бакъонан а институт;
- Кадрийн квалификаци айаран а, йуха кечам баран а институт;
- ГӀишлошйаран а, архитектурин а, дизайнан а институт;
- Йуккъера говзаллин дешаран факультет.
СовгӀаташ
1945 шарахь институтан совгӀат дира Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орденца. 1979 шарахь РСФСР Лакхара кхеташоно совгӀат дира Президиуман Грамотица.
Филателехь


ССРСехь арахецна Соьлжа-ГӀалин мехкдаьттанан институтан сурт долу шиъ исбаьхьаллин марканаш летийна конверт[4].
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads