Суннат

Мухьаммадера хӀора къамел а, болх а, сацам а From Wikipedia, the free encyclopedia

Суннат
Remove ads

Суннат (Ӏаьр. السُّنَّةُ — ма-дарра «Ӏадат; масал; некъ»)  — ислам динехь мухьаддисашна гергахь, иза Мухьаммад пайхамарера ﷺ схьа мел дийцинарг ду, цуьнан къамелаш а, цуьнан белхаш а, цуьнан сацамаш а, цуьнан дахар дӀайаздар а, цуьнан кхолламан йа гӀиллакхан куьцаш а, бен дац иза ваийтале хьалха дийцина хиллехь а йа цул тӀаьхьа хиллехь а[1].

Ткъа усулул-фикъхӀан Ӏеламнахана гергахь: суннат — иза шарӀ даран шолгӀа хьоста ду. Цуьнах кхеташ дерг пайхамаран хьадис ду, хьукманашна шарӀ даран шолгӀа бух иза болу дела[2].

Ткъа хьадисан терминологин Ӏилмангахь: суннат — иза Мухьаммад пайхамаре ﷺ диллина хӀума ду, къамелах дерг йа белхех дерг йа сацамех дерг.

Remove ads

Хьосташ

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads