Таравихь
Рамазан беттан буьйсанашкахь бусалбанаша деш долу ламаз From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Тара́вихь (Ӏаьр. التَّرَاوِيح, Таравихь-ламаз йа Терхь-ламаз (Ӏаьр. ِصَلاةُ التَّراوِيح), ГӀаттар-ламаз (Ӏаьр. ِصَلاةُ القِيَامِ)) — иза Рамазан баттахь пхьуьйр-ламаз динчул тӀаьхьа деш долу суннат-ламаз ду, цуьнан хан лаьтта Ӏуьйр-ламазан хан хила дукха хан йоцуш.
ЦӀе
Иза Рамазан беттан буьйсанашкахь жамаӀатца деш долу ламаз ду. Таравихь «тарвихьат» (تَروِيحَةٌ) бохучу цӀердешан дукхаллин терахь ду, цуьнан гоч «садаӀар» бохург ду. Цунна и цӀетиллина, хӀунда аьлча бусалбанаш дуьххьара и дан гулбелча, шозза салам делча цара садоӀуш хилла дела. Аль-Хьафиз ибн Хьажара ма-аллара: «Иштта и (таравихь-ламаз) девзаш ду “Рамазан-гӀаттар” аларца».
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads