Тача

From Wikipedia, the free encyclopedia

Тача
Remove ads

Та́ча — стиглан йукъара бесан тӀехь шен кхачарца йа дӀахударца билгалдолу седарчашна йукъара кхачонан дакъа. Хьалха тача олура муьлхха а стиглара меттаха ца йолучу йеха объект. 1920-гӀа шерашкахь хиира, тачанашна йукъахь дуккха галактикаш хилар (масала, Андромедин Тача). Цул тӀаьхьа «тача» кхета долийра, алсама готтачу, лакхахь гайтинчу маьӀнехь[1].

Thumb
Ориона тача. Сурт ESO

Тачанаш лаьтта ченах, газах, плазмех.

Remove ads

Историн хаамаш

Астрономехь йуьхьанца тачанаш олура муьлхха а меттаха ца йолу йеха (диффузин) къега астрономин объектах, царна йукъахь Ча Такхийна Тачанера седарчийн ӀаӀарш йа галактикаш.

ХӀинца а лаьтташ ду иштта лелоран масалаш. Масала, Андромедин галактикех дукха хьолехь олу «Андромедин тача».

Иштта, жигара кометаш лоьхуш хилла волу Мессье Шарла, 1787 шарахь хӀоттийра, кометех тера йолу, меттаха ца йовлу диффузин объектийн каталог. Мессьен каталог йукъа кхечира шеш тачанаш а, кхин объекташ а — галактикаш (масала, лакхахь хьахийна Андромедин галактика — М 31) а, Горгалан седин ӀаӀамаш (M 13Геркулесан ӀаӀам).

Астрономи кхиарца а, телескопаша дика гайтарца, «тачин» кхетам алсама нисбора: «тачанийн» цхьа дакъа девзира седарчийн ӀаӀамаш санна, карийра бодане (худу) газченан тачанаш, тӀаьххьара, 1920-гӀа шерашкахь, хьалха Лундмаркан, цул тӀаьхьа Хабблан, аьтту белира цхьа могӀа галактикийн периферийн областашкара седарчий гучудаха, цуьнца цхьаьна церан Ӏалам билгалдаккха а. Оцу хенахь дуьйна «тача» термин леладо лакхахь далийначу маьӀнехь.

Remove ads

Тачанийн тайпанаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads