Тевзана

Ведан кӀоштара йурт, Нохчийчоь. From Wikipedia, the free encyclopedia

Тевзанаmap
Remove ads

Тевзана (нох. Тевзана, Бастӏи) — Нохчийн Республикин Веданан кӀоштара эвла. Тевзанан йуьртан меттиган административан йукъ[2].

Боца хаамаш Тевзана, Пачхьалкх ...
Remove ads

Географи

Йуьрт лаьтта Жалкх эркан аьтту бердаца, МахкатӀе эвлан дуьххьала[3], кӀоштан йукъан Веденон 28 км малхбузехьа.

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседехьа — ЭгӀашта эвла, къилбехьа — МахкатӀе, малхбалехьа — Хоттане а, Элистанжа[4].

Микротопонимаш

  • ГӀалин дукъ - Тевзанан а, МахкатӀен а йуккъехь. Хьун, байданаш, хьосташ.
  • Суьйла корта - Тевзанан малхбален йистехь. Хьун, байданаш, хьосташ.
  • Ӏинал дехьа - Тевзанан йуккъехь.
  • ТогӀичу - Тевзанан малхбален декъехь[5].
  • Эвла тӀе - Тевзанан йуккъера дакъа.
  • Тевзанхойн лам - Тевзанан малхбален йистехь.
  • Цанин корта - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, Тевзанан малхбален йистехь.
  • Билта - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, Тевзанан малхбален йистера меттиг.
  • Элсичу - Тевзанан малхбален йистера меттиг.
  • КӀентий багийна арие - Тевзанхойн ломан кӀоштахь, ЭгӀаштхойн ломан малхбален йистехь, Тевзанан къилбехьа.
  • Чолхан дукъ - Тевзанан къилба-малхбузехьа.
  • Тевзинхойн кӀотар - МахкатӀен 6 км къилбехьара кӀотар.
  • Чолха ирзо - эвлан къилбехьа, эркан аьтту бердаца[6]..
Remove ads

Истори

Thumb
Харачойн Зеламхин Тевзанара хьех

1944 - 1958 шерашкахь, нохчийн а, гӀалгӀайн а депортаци йинчул тӀаьхьа, Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаьккхира, Тевзанан цӀе хийцира Киров-Аул аьлла[7] ДАССР Веданан кӀоштан йукъахь йара[8].

1958 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийначул тӀаьхьа, эвлан цӀе хийцира Киров-Юрт аьлла. Таханлера цӀе йухаметтахӀоттийра 1990-гӀа шерашкахь.

Эвла йиллина элистанжахоша. Паччахьан администрацин, 19-гӀа бешеран шолгӀачу декъан терахь долчу, хаамашца, Тевзана йу Нохчийчоьнан уггаре ширачу 35 эвланах цхьаъ.

Эвлан гӀараваьлла йуьртахо — Гиреев Лорс-Хьаьжа, 1877—1878 шерашкарачу гӀаттаман тхьамданех цхьаъ. Прапорщик Муртаз-Ӏалис мотт тоьхна, инарла Смекаловс дегӀастанан гӀаттаман куьйгалхочуьнца МаӀадца цхьаьна йийсар вина 1877 шеран 24 октябрехь Тилитли эвлара тӀом чекхбаьлча. Ирх оьллина 1878 шеран 9 мартехь Ӏуьйрана 6 сахьт долуш кхин а 11 гӀаттаман куьйгалхочуьнца Соьлжа-ГӀалин центран майданехь[9].

Remove ads

Бахархой

Ма-дарра Бахархойн дукхалла ...

Дешар

  • Тевзанан муниципалан йуккъера йукъарадешаран ишкол[20].

Бевзаш болу йуьртахой

  • Ахмадов Шарпудин Бачуевич (1941—2016) — советийн а, оьрсийн а, нохчийн а историк. Историн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо (2003).

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads