Туьркаш

From Wikipedia, the free encyclopedia

Remove ads

Туьркаш (туьркийн халкъаш[12], туьркийн меттан тобанера халкъаш[8]) — этнометтан йукъаралла[13][14], туьркийн меттанаш буьйцу а, туьркийн схьабалар а долуш къаьмнаш.

Боца хаамаш Туьркаш, Дукхалла ...

Дукхахболу туьркаш бу — бусулбанаш, делахь кхин бу православин керста (коьрта дакъа гагаузаш, кумандинаш, чувашаш, цхьа дакъа алтайш, гӀезалой, хакасаш, якуташ), иудейш (караимаш, крымчакаш), буддисташ (можа уйгураш, цхьа дакъа салараш, тарбагатайн гӀиргӀазой, тувинаш), бурханисташ (алтайш), тенгрианаш, шаманисташ (долганаш, телеуташ, хакасаш, шораш, якуташ).

Таханлера туьркийн халкъаш шуьйра даьржина ду шайн историн ареалан арахьа, дукхахберш бу Евразехь, тайп-тайпана пачхьалкхийн территорешкахь — Йуккъерчу Азехь (Цийчоьцани) а, Российн Гена Малхбалехь а[15], малхбузехьа а — Гергара Малхбалехь, Кавказехь, Малхбален а, Къилба-Малхбален Европехь а.

КӀезига туьркаш бу Малхбузен Европин, Австралин, Къилбаседа Африкин пачхьалкхашкахь[16].

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads