Туьта

From Wikipedia, the free encyclopedia

Туьта
Remove ads

Туьта (йу) (лат. cranium) — коьртан даьӀахкийн хӀоз. Адаман туьта 23 декъах хотталуш йу, царах 8 дакъа шалха ду, ткъа 7 дакъа цхьацца бен дац. Цул совнаха туьтин чохь юккъера лерган шишшайолу лерсин даьӀахкаш хуьлу. Уьш кхоъ хуьлу: лергнуьйжа, лерглуьйта, лергжӀов[1]. Цул совнах, лакхара а, лахара а мочхалшан т1ехь хуьлу цергаш.

Thumb
Адаман туьта (агӀонтӀера)
Thumb
Адаман туьта (йуьхьдуьхьала)


Туьтан функци

1. Ларйаран. Коьрта чуьра хье а, кхийолу воканаш а ларйар

2. ГӀорторан. Шен чохь воканаш сацайар, уьш меттах ца хьейаран

3. Хьиэйаран. Адам доладаларан функци[2].


Дакъош

1. Хьен даьӀахк (лат. Parietale os)

2. Хьаьжан даьӀахк (лат. Frontale os)

3. ЗайлдаьӀахк (лат. Sphenoidale os)

4. Лергюхан даьӀахк (лат. Temporale os)

5. БӀаьрхин даьӀахк (лат. Lacrimale os)

6. Меран даьӀахк (лат. os nasi)

7. БӀаьрдаьӀахк (лат. os zygomaticum)

8. Лакхара мочхал (лат. Maxilla)

9. Лахара мочхал (лат. Mandibula)

10. ТӀуьскан даьӀахк (лат. os occipitale)



Билгалдахарш

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads