ТӀапломан кратер

From Wikipedia, the free encyclopedia

ТӀапломан кратер
Remove ads

ТӀапло́ман кра́тер (шир.-желт. κρατήρкад) — кадкепара йа кӀагкепара чутаьӀна меттиг тӀапломан конусан боьххьехь йа басехь, йина тӀапломан жигаралло[1].

Thumb
Кхаа яккхийн маарийн тоба тӀапломан Айфель кӀоштара.
Thumb
Везувий тӀапломан кратер
Thumb
Кальдера кхоллаяларан модель

Кратеран диаметр хила тарло иттаннаш метраш тӀиера масех километр кхаччалц, ткъа кӀоргалла — масех метр тӀиера бӀаьнаш метрашка кхаччалц. Кратеран бух тӀаьхь хуьлу, магман кхерч чуьра, цхьаъ йа масех лава а, кхин тӀапломан сурсаташ хьаладовлу Ӏуьрг. Наггахь кратеран бух къевлина хуьлу лаван Ӏомо йа жимачу керла кхоллабеллачу тӀапломан конусо.

Remove ads

Довзийтар

Дукха хьолахь кратеран аганкепара хатӀ хуьлу, цунна чохь кхоллало вентиляцин харш. ТӀаплам Ӏаьтточу хенахь лелина магма а, тӀапломан газаш а хьалайовлу лаьттан бухарчу магман кхерч чуьра биргӀан харш чухула кратеран Ӏуьрге кхаччалц, цигара газаш арайовлу атмосфере, ткъа магма Ӏаьттадо лаван кепара. ТӀапломан кратеран баккхий барамаш хила тарло, ткъа наггахь кӀорга а хила тарло. Цхьайолчу хенахь лелхарца Ӏаьттош тӀапломан магман камера ясъяла тарло цунна тӀехулара латта охьахаъал, тӀаккха хуьлу кальдера олу йоккхачу депрессийн тайп.

Дукхаха долчу тӀапломан кратераш лаьтта ломан боьххьехь, уьш кхолладелла Ӏаьттийна тӀапломан сурсатех, масала лаван а, тефран а Ӏоврех. Иштта боьххьехь кратераш долу тӀапломийн конусан кеп хуьлу. Кхин тӀапломан кратераш хила тарло тӀапломийн агӀонашца, басешкахь, царех олу фланган кратераш. Цхьайолу тӀапломан кратераш ерриг йа цхьа дакъа юза тарло догӀано йа дешначу лайша, цуо кратеран Ӏам бо.

Кратер дохийна хила тарло Ӏаьтточу хенахь, лелхарша, лавано, йа тӀаьхьа хиллачу эрозино. Дохийна кратерийн цхьаьна агӀора хуьлу дуккха а лоха йист.

Цхьадолу тӀаплаьмнаш, масала маараш, лаьтта цхьаьна кратерах, лаьмнаш а доцуш. Иштта тӀаплаьмнийн кратераш кхоллало, хих дуьзна породашна магма йукъахула хьалаевлчи, цуо до фреатийн Ӏаьттор. Фреатийн Ӏаьтторех хилла тӀаплаьмнийн кратераш дукха хьолахь хаало аренашкахь кхечу тӀаплаьмнашна генахь. Массо а тӀаплаьмнаш ца кхуллу кратераш.

Thumb
Ирасу тӀапломан кратер, Коста-Рика
Remove ads

Билгалдахарш

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads