Ульяновскан область
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ульяновскан область — Российн Федерацин регион, Приволжен Федералан гуонан йукъайогӀу. Административан центр — гӀала Ульяновск.
Remove ads
Климат барамера континенталан, шийлачу Ӏаьца, йовхачу аьхкенца. Регионан климатан башхалла йу йоца йекъа бӀаьсте. Ульяновскан областан гуьйре, йовха; лайн чкъор хӀутту ноябран шолгӀачу декхъехь. Уггаре шийла бутт — йанварь[3]. Ӏа лайне ду, сих-сиха техка температурашца (атлантикан циклонаш хийцало арктикан хӀаваан массашца), лаьтта ноябрера март йуккъе баххалц областан къилба кӀошташкахь, ткъа Ӏаьнан-бӀаьстенан муьрехь йогӀа Воейковн сема, цуо Ӏаткъам бо меттигерчу климатна. Январан йуккъера температура −12 °C, июлан +20 °C. Аьхкенан хенан-хӀоттам хуьлу май беттан йуккъехь. Аьхке, йовха хуьлу кӀезиг лела азин антициклонан Ӏаткъам бахьнехь. Июлехь, йуккъера барам, 5 де 22 °C йуккъера температура а, сов а йолуш хуьлу. Йочанаш областан къилбехьа 350 мм тӀиера, къилбаседа-малхбузехь 500 мм кхаччалц[3]. Аьхка догӀнаш цхьаьнаэшшара ца хуьлу, амма догӀучу хенахь стигал къйекъаш, доцца догӀу. Регионехь йуькъаллаш кӀезиг ца хуьлу. Вегетацин мур лаьтта 180 де гергга[3].
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads