Уьшал
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Уьшал — тӀуналла йеза дийна лаьттан тӀехулара чкъор долу, тӀех сов тӀуналла йолу ландшафтан дакъа. Уьшалан амалехь ду лаьттан тӀехула йуьззина йахкайаланза органикин хӀуманаш гулйалар, цунах тӀаьхьа хуьлу Ӏеха. Ӏеханан чкъор 30 см сов ца хуьлу, нагахь кӀезиг делахь, тӀаккха уьш уьшалш долу латташ ду[1]. Уьшалш гидросферин коьрта дакъа ду. Дуьненна тӀера дуьххьарлера уьшалш кхолладелла силуран а, девонан а муьраш хийцалуш, 350—400 млн шо хьалха[2][3][4][5].
Дехар «Уьшалш» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта кхин маьӀнаш.
Дехар «Колд» хьажийна йу кхузе; фильмех лаьцна см. Колд (фильм).


Дуьненахь уггаре доккха уьшал Амазонка эркан тогӀи йу[6][7][8].
Россехь даьржина Европин декъан къилбаседехьа а, йуккъехь а (цунна йукъахь Москохан а, Москох гуонахьара а кӀоштахь), Малхбузен Сибрехахь а, Камчаткехь а. Белоруссехь а, Украинехь а уьшалш лаьтта Полесьехь (царах олу Пинскан уьшалш).
Уьшалш Ӏамадо географин башха отрасло — уьшалдовзаро.
Remove ads
Уьшалш кхолладалар
Уьшалш кхоллало шина кепара: латта тӀундаларца йа Ӏам чу ораматаш довларца[9].
- Сурт дилларехь
- Уьшал
Якоб ван Рёйсдал, XVII бӀешо - Беттаса долу буьйса. Уьшал
А. К. Саврасов, 1870 - Хьуьнхара уьшал. Гуьйре
Ф. А. Васильев, 1872—1873 - Уьшал. Полесье
И. И. Шишкин, 1890
Хьажа кхин а
- Хин-уьшалийн меттигийн дерригдуьненан де (2 февраль)
- ГӀоргӀа гӀум
- Уьшалан микроландшафт
- Барамера асанан уьшалан хьаннаш
Билгалдахарш
Литература
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads