Харша

From Wikipedia, the free encyclopedia

Харша
Remove ads

Харша (Харшавадхана) (590—647 гергга) — 606646 шерашкара Къилба ХӀиндиера Пушпабхути (Пушьябхути) тайпанара куьйгалхо.

Боца хаамаш Харша, Вина терахь ...

Цуьнан дайшкара кхаьчна мехкаш дара Джамна хин тогӀенан лакхарчу декъехь — Малхбален Пенджабера Ганган а, малхбален Раджпутанан а йистошкара, дуьххьарлера коьрта шахьар хилла Стханешвара. Харшас схьабаьккхина бенгалин Шашанка паччахьегара а, Гуптийн Малва паччахьегара а мехкаш. Харшас керла коьрта шахьар йира Канауджах. Харшас схьадаьккхира Малвин дакъа, Деканан тӀелетира, амма Нарбада (612 шеран гергга) хин тӀехь ийшира. 643 шарахь Харшас схьайаьккхира Бенгали а, Орисса а. Харшан импери хилла, шортта куьйга кӀелахь олаллаш долу, тӀеман-феодалан кепара пачхьалкх, йоьхна Харша велча.

Харшина тӀеяздо авторалла шина гӀарайаьллачу ширахӀиндин драмийн — «Ратнавалин» а, «Наганандан» а.

Remove ads

Литература

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads