ЦӀердош
муьлха объект йе кхетам гойту къамелан дакъа From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
ЦӀердош — цӀерийн категорина а, дуьззина маьӀна долчу лексемийн классана а йукъадогӀуш долу дозуш доцу къамелан дакъа ду иза предложенехь хила тарлуш долу подлежащи а, хӀума а, цӀеран меже а санна; сказуеми бохучух лаьцна[1]. ХӀума, стаг йа хилам билгалбеш, «мила?», «хӀун?», «муьлш?» Коьртачу лексически категорех цхьаъ; предложенехь цӀердош дукхахьолахь подлежащин я хӀуманан гӀуллакх деш хуьлу, ткъа иштта кхачаман йа сказуемин а гӀуллакх хуьлу.
ЦӀердошу гойту адамин цӀерш: (стаг, адам, кӀант, зуда), чохь са доцу хӀумнаш: (тӀулг, жӀов, тхов, гӀант), са долу хӀумнаш: (цициг, жӀаьла, хьоза, зингат), хилам: (кхаъ, кхерам, хазахетар, синакъерам) иштта кхи дӀа йолу хӀумнийн а, адамийн а цӀераш.
Remove ads
ЦӀердешан морфологин билгалонаш
Йукъара а, долахь а цӀердешнаш
ЦӀердешнийн легарш
ЦӀердешнийн дожарш
ЦӀердешнийн грамматикин классаш
ЦӀердешнийн цхьаллин, дукхалин терахь
Йукъара а, долахь а цӀердешнаш
Массо а цхьатерачу хӀуманашна техкинчу йукъарчу цӀерех юкъара цӀердешнаш йа йукъара цӀерш олу. Масала: хи, книга, газет, лам, кӀант, йоӀ, урам, журнал.
Цхьатерачу хӀуманашна юкъара схьакъастош цхьана хӀуманна йа адамна тиллинчу цӀарх долахъ цӀердош йа долахъ цӀе олу. Уьш доккхачу элпаца йаздо. Масала: Терк, роман «Еха буъйсанаш», газет «Даймохк», Эльбрус, Ӏийса, Хьава, I. Авторхановн цӀарх урам, журнал «Орга».
Remove ads
Нохчийн маттар цӀердешнийн легарш
Дешнийн дожаршца хийцадаларх легар олу. Нохчийн маттахь цӀердешнийн диъ легар ду. Уьш къастадо цхьаллин терахьехь долчу цӀердешан коьчалниг дожаран чаккхенца (хаттарш: хъаьнца? стенца?)[2]:
1-чу легаран цӀердешнийн чаккхенаш: -ца, -аца: Ӏийса — Ӏийса-ца, кӀант — кӀант-аца;
2-чу легаран цӀердешнийн чаккхенаш: -нца, -анца,
-рца, -арца: куьзга — куъзга-нца, диг — даг-арца, доъх- ка — доьхка-рца;
3-чу легаран цӀердешнийн чаккхе -ица:
ваша — веш-ица, йиша — йиш-ица, пондарча — пондарч-ица;
4-чу легаран цӀердешнийн чаккхе -чуьнца:
дешархо — дешархо-чуьнца, мангалхо — мангалхо- чуьнца.
Агглютинативни меттнашкахь цхьа легар бен ца хоьлу, ткъа цхьадолу хӀинди-европин меттнашкахь 4-7 тайпан легар ду цӀердош лоьгуш[3].
Нохчийн маттар цӀердешнийн дожарш
Нохчийн маттахь къастош бархӀ дожар ду. ХӀора дожаран шен хаттарш ду. Адамаш билгалдечу цӀердешнашна мила? муьлш? хаттарш хӀиттадо, кхечу цӀердешнашна хӀоттадо хаттар хӀун?
ЦӀердешан хӀора дожарехь шен чаккхе хуьлу.
Remove ads
Билгалдахарш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads