Шамплен, Самюэль де

From Wikipedia, the free encyclopedia

Шамплен, Самюэль де
Remove ads

Самюэ́ль де Шампле́н[1] (фр. Samuel de Champlain; 1567 шеран 3 июль1635 шеран 25 декабрь) — французийн новкъахо а, гидрограф а, 1601 шарахь йелла «паччахьан географан» титул», Канадера дуьххьарлера нах беха меттигаш йехкинарг а, губернатор а (Квебек).

Боца хаамаш Самюэль де Шамплен, Керла Францин губернатор ...
Remove ads

Биографи

Thumb
Шамплен, каноэ тӀехь охьавогӀу эрк чухула. Исб. Жан Анри де Ринци (1897)

Самюэль де Шамплен 1603 шарахь охьавахара Сийлахь Лаврентийн эрк чухула. 1604—1606 шерашкахь масийттаза кеманахь некъ бира Къилбаседа Америкин атлантикин бердаца. Европахойх дуьххьара воьссира Нантакет гӀайренна тӀе.

1608 шарахь воьссира Сий. Лаврентийн хикхочех, йиллира Квебек гӀала, цунна хила йаздинера Керла Францин коьрта шахьар. Цул тӀаьхьарчу шарахь дӀабиллира Шамплейнан Ӏам а, ламанан рагӀ Адирондак а, кхин а тесира бартхойн йукъаметтигаш алгонкинашца.

Thumb
Квебекера Шампленан иэс

1609—1615 шерашкахь Шамплен гӀиртира хин чухула Квебекера Тийна Ӏапказан чу боьду некъ лаха. 1616 шарахь дуьххьара хин чухула веира Атлантика чуьра Гурон Ӏам чу, барт бира индахойн гуронийн тайпанца.

1633 шарахь хӀоттийра Керла Франци губернатор — хин йолу Канадин.

Цуо ша бина некъаш йазбина «Des sauvages» (1603); «Voyages et découvertes en la Nouvelle France» (16191627); «Voyages de la Nouvelle France» (1632) сочиненешкахь. Уьш дуккха а йух-йуха арахийцира, цара дуьххьара европахошна бовзийтира хӀинцалера Канадин мохк.

Шампленан дийна волуш диллина сурт ца дисина; дерриг цуьнан суьрташ исбаьхьалчийн фантазин стом бу. Оттавехь а, кхин гӀаланашкахь а цунна хӀиттийна иэсаш. Кхин а цуьнан цӀераш техкина цхьа могӀа тӀайнашна.

Remove ads

Валар а, дӀаволлар а

Файл:2006 Samuel de Champlain.jpg
Керла Шотланди – Массачусетс маршрутан карта даран 400 шо кхачарна лерина марка.

1635 шеран октябрехь Шампленан хала инсульт а хилла 25 декабрехь велира, гергара когаметта стагга а ца висира. Иезуитийн тептарша дийцарехь, иза велира шен доттагӀ а, мозгӀар а волу Шарль Лаллеман хьожуш а волуш.

ТӀаккха а весетаца (1635 шеран 17 ноябрехь дина) цуьнан францера бахаман доккхаха долу дакъа кхечира цуьнан зудчунна Элен Буллена, цу ладаме бахам битира Квебекера католикин миссешна а, наханна а. Амма Камарет Марис, ненан агӀора шичо, Парижехь весет къевсина, иза дохадайтира. Билггала хууш дац цуьнан бахамах дерг.

Самюэль де Шамплен цхьаьна ханна, гӀалин лакхарчу декъехь цуьнан дакъа дӀадолла зугӀар йогӀалц дӀавоьллира килс чу. И жима гӀишло, кхин дуккха а гӀишлош санна, 1640 шарахь хӀаллак йира йаьллачу цӀаро. ХӀетте а иза сихха меттахӀоттийнехь а, цуьнан лар а ца йисира: билггала иза дӀавоьллина меттиг хӀинца а хууш йац, 1850 шарахь дуьйна дуккха а талламаш беш болушшехь, гӀалахь археологин ахкарш а динашехь. Йукъара ойла йу, Шампленан зугӀар хилла меттиг а, цуьнан даьӀахкаш а хила йеза Нотр-Дам-де-Квебек килсан гергахь.

Шамплейнан даьӀахкаш лахар коьрта сюжет йу йаздархочун Пенни Луизин 2010 шеран "Шайн белларш дӀабохка" романан.

Remove ads

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads