Эсперанто
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Эспера́нто (Esperanto) — массарелла баьржина болу кхоьллина мотт[1][2]. Иза кхоьллина Варшавера окулистас Лазарь (Людвиг) Маркович Заменгофс 1887 шарахь. Хьалхара эсперанто маттахь арахецна жайна дара «Lingvo internacia. Antaŭparolo kaj plena lernolibro» («Халкъашна юккъера мотт. Дешхьалхе а, юззина Ӏамат а»). Заменгофас эцна псевдоним — Эсперанто («Сатуьйсуш верг») — кеста цо кхоьллина меттан цӀе хилира[3].


Эсперанто буьйцуш болу нахах олу эсперантисташ я эсперантофонаш.
Тахана дуьненахь бу, тайп-тайпана мах хадорашан хьаьжна, масийтта бӀе эзир я масийтта миллион стаг эсперанто хууш[4].
Remove ads
Мотт
Эсперанто кхоьллина халкъашна йукъара мотт хила, шен ненан меттан тӀаьхьа шозлугӀа мотт хила. Ӏамо атта болу мотт хилча халкъашна йукъара уьранаш шорлур яра[5]. Цул совнах, эсперанто Ӏамийча кхиболу меттанаш Ӏамо атта хуьлу[6].
Истори
Людвиг Заменгоф вина Белостокехь, таханлера Польшехь. Цу хенахь Польша Российн империн юкъйогӀуш яра. Белостокехь шортта тайп-тайпна къаьмнаш Ӏаш дара: белорусаш, полякаш, оьрсий, жуьгтий, немцой, литовцаш. И халкъанаш вовшеца ийна бацара, наггахь царн юкъахь девнаш долура. Заменгоф шен жамалле хенар дуьна массо а халкъан цхьа мотт бала лууш вара царна йукъара девнаш дӀадахархьам. И шен лаам кхочуш бан гӀерташ цо деррига шен дахар дӀаделира. Гимназехь меттанаш Ӏамош иза кхитира массо халкъан мотт чӀогӀа чолхе хиларах а, Ӏамо хала хиларах а. Цул совнах, цхьана халкъан мотт кхоьчу халкъашна юкъахь лелабаро и халкъ хьалаойбу, кхоьчу халкъашна иза новкъа долу.
Заменгофс шен болх бира итт шарахь сов. 1878 шарахь цуьна доттагӀаш лоькхура керла маттахь йолу эшар: «Халкъашна йукъара мостагӀалла дӀайолийла, хан тӀекхаьчна!». Амма цезор болх беш волу Заменгофан дас[7] оцу хӀумнах шек велла шен кӀентан болх багийра. Цунна лаьара цуьнан кӀантас университет дика чекхъяккха[8].
1887 шаран 26 июлехь Варшавехь араелира жима брошюра оьрсийн маттахь «Международный язык. Предисловие и полный Ӏамат». Автор къайлавеллера «доктор Эсперанто» псевдониман тӀехьа. Керла маттахь иза дара «Сатуьйсуш верг». Кеста и дош керла меттан цӀе хилира.
Заменгоф шен авторан бакъонаш тӀе ца лецира, нахана ша кхоьллина мотт хийца бакъо луш. Амма цуьна болх дукха дика хилар бахьнехь цу чохь баккхи хийцамаш бан ца бийзира. Кеста керла дешнаш юкъадаха а, барт боцу хӀумнаш къаста дан а кхоьллинера эсперантон академи. 1905 шарахь хилира 1-ра Дуьненан эсперантон конгресс.
Фонологи
Мукъаза аьзнаш
23 мукъаза аз:
Мукъа аьзнаш
Абат а, дешар а
Эсперантон абат йина латинан абатех. Абатехь ду 28 элп: A, B, C, Ĉ, D, E, F, G, Ĝ, H, Ĥ, I, J, Ĵ, K, L, M, N, O, P, R, S, Ŝ, T, U, Ŭ, V, Z. Царех 5 мукъа аьзнаш, 2 ах-мукъа аз, 21 мукъаза аз.
Абатан элпийн цераш ю: мукъаза аз — мукъаза аз+о, мукъа аьзний цӀе ша ма яр йоккха:
- A — а
- B — bo
- C — со
и. к. д.
ХӀора элпаца догӀуш ду цхьа аз. Элпан дешар оцу элпан дешан юкъехь йолу меттигаца доьзна дац.
Дешнашкахь тохар даимна тӀаьхьарачура хьалхара дешдекъан тӀедужу.
Дешнийн хӀоттам
Эсперантон дошаме доккха дакъа ду романийн а, германийн а орамашах а, латинийн а, грекийн а меттах кхоллаелла интернационализмашах а. Цхьадолу дешнаш ду оьрсийн а, полякийн а меттанашкара схаэцна. И дешнаш эсперантон фонологица догӀуш кепара тадо.
Remove ads
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads