Юсуп-пайхамар (телесериал)

гӀажарийн телесериал From Wikipedia, the free encyclopedia

Юсуп-пайхамар (телесериал)
Remove ads

Юсуп-пайхамар (гӀажар. يوسف پيامبر) — гӀажарийн телесериал йу, режиссёр ФараджуллахӀ Салахьшур ву. Сериалехь рольш ловзийна сийлахь болчу гӀажарийн актёраш: МустӀафа Замани, Махьмуд Пак Ният, Катаюн Рияхьи, ДжаӀфар ДехӀкъан, ЭльхӀам Хьамиди, Рахьим Норузи, Лейла Болукат а... и. дӀ.кх.

Боца хаамаш Юсуп-пайхамар, Жанр ...

Кху сериалехь Юсупан роль ловзийнарг ву. МустӀафа, а Юсупан дена Якъубан ролехь ву Махьмуд.

Remove ads

Фильмах лаьцна

Якъуб-пайхамаран а, Рахьилан а кӀант Юсуп, дуьненчу велира. Юсуп Якъубан жимах волу кӀант ву, амма цул жимах верг Биньямин ву. Юсупан хазалле хьаьжича, Якъубан Дела хазахилар гора. Якъубан массарел хьомениг вара иза, цунна шен синал дукха везара иза. Цхьана буьйсана Юсупан гӀан гинера, Къуръан тӀехь мааллара: «Юсупа элира шен дега, хӀай сан да суна цхьайт седа гира, малх бутт гира суна суждне даьхкина». Якъуба къайлаха кхаъ баьккхира цунна, цхьана дийнахь лакхарчу даржехь хир ву, хьо массарна тӀаьхь эла хир, хьайн гӀан цхьаьнге ма дийцалахь. Иштта массанхьа иза даьржира, массарна иза хиира.

Юсупан вежаршна тӀе шайтӀа деанера, шена цхьа вон гӀан гинера аьлла харц дерг дийцинера цо. Юсупан вежарша шайца иза жа дажо ваийта элира. Амма Якъуб реза цахилира, цигахь йолчу берзлоша иза ваан кхоьруш. Цара мукӀарло дира шаьш: «Шаьш, Юсуп могуш а, дийна а волуш, цӀа валора ву» — аьлла. Цара Юсупан оцу гӀамаран аренашкахь цунна чӀогӀа етташ, Ӏиттарш а йинера. Яхуда иза вен гӀаьрташ вара, амма Лавис иза цавийтира. Цара иза кӀоргачу гӀун чу кхоьссира. Буьйсана уьш цӀа кхечира, белха а боьлхуш. Цара Юсупан коч еанера, уьстагӀан цӀийха уьзна йолуш. Амма Якъубна уьш харц луьйш буй хиира.

ГӀуна тӀех йолуш йолчу къепала Юсуп схьаийцира. Цун вежарша иза дӀавоьхкира Малик ибн ЗаӀарна, берхӀитта детех. Цара иза Мисран базарахь дӀавоьхкира эла Потифарна. Потифара шен зудчуьнга Зулайхе: «Юсупаца дика хилар дийхира, вайн пайдехь хила мега иза». Цара Мисаран цӀе тиллира цунна «Юзарсиф» — аьлла. Юзарсив гӀалийн гӀуллакхаш листа хӀоттийра. Амма иза дуьхьал вара дела «Амонна» а, мозгӀаршна а.

Remove ads
Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads