Ӏа (шеран зама)
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Ӏа — шеран заманах еаннах цхьаъ, гуьйренна а, бӀаьстенна а йукъахь.



Оцу шеран заманан коьрта хьесап — дукхаха йолчу Дуьнеан кӀошташкахь хӀоьттина лахара температура (Цельсин 0 градусал лахара), ло латта тӀе оьгу, лаьтта охьадуьллу.
Дуьнен тӀиера заманан хийцамаш боьзна бу планета Мелхан гуонаха шеран хьовзаран мурца а, орбитан экъане хьаьжна хьовзаран семан таӀарца а.
Remove ads
Астрономин Ӏа
Астрономин Ӏа планетан тӀехь лаьтта Ӏай малх цӀа кхачарца бӀаьста де-буьйса нисдаллалц, аьлчи а Дуьненан Къилбаседа эхигехь 22 декабрера 21 март кхаччалц, Къилба эхигехь 22 июнера 21 сентябрь кхаччалц. Цхьацца шерашкахь (Дуьнен тӀехь) и астрономин моменташ йогӀу тайп-тайпанчу хенашкахь (гайтинчу де-буьйсан чохь).
Астрономин Ӏа Нохчийчохь
Нохчийчохь Ӏа — Ӏаламехь уггар шийла хан ю. Маца юлу Ӏаьнан чилла. Муха хуур ду Ӏа доьлча? Халкъо олуш ду: «Малх цӀа кхаьчча Ӏа дулу». Иза нийса ду. Де уггар дацделла хан хуьлу иза. Цул тӀаьхьа догӀуш долу масех де кхин хийца ца луш лаьтта.
И денош дӀадевлча, де дахдала долало. Ӏаьнан уггаре а шийла цхьа мур хуьлу. Цунах чилла олу. Чилла юлу Ӏа доьлла ткъа де даьлча. Иза шовзткъа дийнахь-бусий лаьтта. Чиллахь гӀайба санна тӀе ло диллина, массо а геннаш лаьтта хӀуттуш букар дахна хуьлу диттийн, коьллийн. Ӏаьнан хьун, хьежа ца кӀордош, исбаьхьа хуьлу. ХӀаваъ цӀена, садеӀа атта хуьлу.
Remove ads
Рузман Ӏа
Рузман Ӏа лаьтта кхаа баттахь: Къилбаседа эхигехь иза — декабрь, январь, февраль, ткъа Къилбахь — июнь, июль, август.
Ӏийса пайхамар варан а, керла шеран а Ӏиданийн ламасташкахь а, Русехь Святкаш олуш хилла церан деланийн динан аналогашкахь а, Ӏа доладалар малх цӀа кхачаре дихкина.
XVIII бӀешо кхаччалц Москохан пачхьалкхехь Ӏа лорура Ӏийса пайхамар, ӀалайхӀи салам, винчу денна (25 декабрь) тӀиера Дика кхайкхоран де (25 март) кхаччалц. ХӀора шеран заманахь лорура 91 де 7 минот ах минот[1].
Remove ads
Суьрташ
- Iаьнан пейзаж.
- Ӏай тӀе ша биллина дитташ а, коьллаш а
- Ша лаьтта гӀорийна дитт
- Херршинг - жима гӀап-гӀала
- Iа Болотнизехь.
- Iаьнан суьйре Сярьгашкахь.
- Хуьнан Iа
- Iаьнан некъ.
Хьажа кхин а
- ХӀоьънан Ӏа
Билгалдахарш
Хьажоргаш
Литература
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads