Ӏалий Хаменеи

From Wikipedia, the free encyclopedia

Ӏалий Хаменеи
Remove ads

Саййид Ӏалий Хьоссайни Хаменеи (гӀаж. سید علی حسینی‌خامنه‌ای; 1939 шеран 19 апрель[2][3][…], МешхӀед, ПехӀлевийн Иран[1]) — иза иранин пачхьалкхан а, динан а гӀуллакххо а, Иранин шолгӀа лакхара куьйгалхо а ву 1989 шарахь дуьйна хӀинцалерачу хенахь, Иранин президент а вара хьалха (19811989). Исламан революцин лидеран РухьоллахӀ Хомейнин йуххерчу накъостех цхьаъ вара иза.

Боца хаамаш Ӏалий Хаменеи, Иранин 2-гӀа лакхара куьйгалхо ...
Remove ads

Биографи

Ӏалий Хьоссайни Хаменеи вина 1939 шеран 19 апрель (24 тира 1318) МешхӀедехь, доьзалехь шолгӀаниг хилла бархӀ беран йукъахь[4]. Схьаваларх азербайджанхо ву. Хаменеиш сеидах бу, Мухьаммад пайхамаран тӀаьхьенах а.

Цуьнан деда — Саййид Хьусайн хилла Азербайджанехь массарна вевзаш волу мозгӀар. Цуьнан да, АятоллахӀ Саййид Джавад Хьусайни Хаменеи, хьуьжарин хьехархо хилла, тӀаьхьо — МешхӀедан улеман гӀалин декъашхо а, дезткъе ткъесна шо долуш иза дӀакхелхина цуьнан да.

Remove ads

Билгалдахарш

Loading related searches...

Wikiwand - on

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Remove ads