Байсултанов Одес Хасин воӀ
From Wikipedia, the free encyclopedia
Байсултанов Одес Хасин воӀ (вина 1965 шеран 17 январехь, ССРС РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Гуьмсан кӀоштан Иласхан-Юртахь) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо. 2020 шеран 11 февралехь дуьйна Российн Федерацин спортан министран гӀовс.
Байсултанов, Одес Хасин воӀ | |
---|---|
Дин | суннизм |
Парти | |
Дешар | |
Динлелор | суннизм |
СовгӀаташ | |
Медиафайлаш Викилармехь |
Нохчийн Республикин Правительствон председатель 2007 шеран 10 апрелера 2012 шеран 17 май кхаччалц (Нохчийн Республикин Правительствон председателан декхарш кхочушдийриг 2007 шеран 18 мартера 10 апрель кхаччалц). 2012 шеран май баттера 2014 шеран 17 июль кхаччалц Къилбаседа-Кавказан Федералан гуонера Российн Федерацин президентан йуьззина бакъо йолу векалан гӀовс. 2014 шеран 17 июлера 2020 шеран 21 январь кхаччалц Российн Федерацин Къилбаседа Кавказан гӀуллакхийн министран гӀовс а, хьалхара гӀовс а. Экономикин Ӏилманийн кандидат (2006).