From Wikipedia, the free encyclopedia
Говору́хин Станисла́в Серге́евич (1936 шеран 29 мартехь, Березникихь — 2018 шеран 14 июнехь, Барвихехь) — советийн а, российн а кинорежиссёр, актёр, сценарист, продюсер, политикин а, йукъараллин а гӀуллакххо.
Говорухин Станислав | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Станислав Сергеевич Говорухин | |||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Мединский Владимир | ||||||
Когаметтаниг | Ямпольская Елена | ||||||
|
|||||||
Дин | керста | ||||||
Вина терахь | 1936 шеран 29 март | ||||||
Вина меттиг | Березники | ||||||
Кхелхина терахь | 2018 шеран 14 июнь (82 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Барвиха | ||||||
ДӀавоьллина | Новодевичьи кешнашкахь | ||||||
Вича тиллина цӀе | оьрс. Станислав Сергеевич Говорухин | ||||||
Да | Говорухин Сергей Георгиевич | ||||||
Нана | Глазкова Прасковья Афанасьевна | ||||||
Зуда |
1) Карева Юнона Ильинична (1961—1966) 2) Говорухина Галина Борисовна (1966—2018) |
||||||
Бераш | Говорухин Сергей Станиславович (1961—2011) | ||||||
Парти | |||||||
Дешар | Казанан пачхьалкхан В. И. Ульянов-Ленинан цӀарах университет | ||||||
ГӀуллакхалла | кинорежиссура[1], актёрское искусство[1], киносценарий[1], кинопроизводство[1], политическая деятельность[1] | ||||||
Динлелор | православи | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Сайт | govoruhin.ru(оьр.) | ||||||
Пачхьалкх | ССРС → Росси | ||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Российн Федерацин Федералан гуламан Пачхьалкхан думин депутат (1994—2003, 2005—2018)[2], Пачхьалкхан думин Оьздангаллин комитета председатель (2011—2018)[3][4]. Йерригроссийн политикин «Йукъара Росси» партин декъахо (2005—2018)[5][6]; Российн халкъан артист (2006)[7], Украинийн ССР говзаллин хьакъ долу гӀуллакххо (1986).
Хьалха — 2000 шеран 26 мартехь хилла президентан харжамашкахь Российн Федерацин Президентан дарже кандидат, цунна кхаж тесира 0,44 % харжамхоша[8]. 2011 шеран 8 декабрехь хаьржира Путин Владимиран харжамал хьалхарчу штабан куьйгалхо, 2012 шарахь хир болчу президентан харжамашкахь[9][10][11]. 2013 шеран 12 июнехь пхеа шарна хаьржира Йукъарароссийн халкъан фронтан (ОНФ) Центран штабан сопредседатель[12][13].
Говорухин Станислав вина 1936 шеран 29 мартехь Свердловскан областера (хӀинца Перман мохк) Березники гӀалахь. Да-нана: Донан гӀазакхий Говорухин Сергей Георгиевич а, тегархо Глазкова Прасковья Афанасьевна.
1958 шарахь чекхйаьккхина Казанан пачхьалкхан В. И. Ульянов-Ленинан цӀарах университетан геологин факультет, шарахь гергга геолог болх бира Йуккъера-Ийдалан геологин талламан урхаллехь. 1959—1961 шерашкахь къахьийгира Казанан телевизионан студехь режиссёран редактор а, ассистент а даржехь[14][15].
1966 шарахь тӀех дика чекхйаьккхира ЕПКИн (ВГИКан) режиссёрийн факультет (пхьолгӀа Сегель Якован). Дипломан болх — фильм «Деца Катя»[16][17].
1967 шо кхаччалц режиссёран ассистент, режиссёр, лакхара категорин исбаьхьаллин кинематографин кинорежиссёр-хӀотториг болх бира «Одессин исбаьхьаллин фильмийн киностудехь»[15].
Хьалхара йуьззинаметражан фильм «Вертикаль», цхьаьна йаьккхира шеца цхьаьна курсехь дешначу Дуров Борисца. Цунах 1967 шеран советийн кинопрокатан лидерех цхьаъ хилира, баьккхира итталгӀа меттиг даймехкан суьрташна йукъахь (32,8 млн хьажархо)[18]. Цунна чохь Высоцкий Владимир дуьххьара музыкин а, байтин а автор хилира, цунах цуьнан автор-лакхархочун карьерин йуьхьиг хилира[19][20]. Цул тӀаьхьа цуо Говорухинан фильмашкахь шозза ролаш ловзийра: «КӀайн эккхар» (1969) а, «Цхьаьнакхета меттиг хийца мегар дац» (1979) а, цунна чохь ловзийра гӀарайаьлла кинороль.
1979 шарахь Говорухина йуха а Дуровца йазйира «XX бӀешеран хӀордан талорхой» фильман сценарий, цунах хилира советийн кинопрокатан абсолютан лидер, гулвира 87,6 млн хьажархо[21]. Кхин а Говорухинан сценарица цхьа ирасюжетан «Мадам Вонган къайленаш» фильмо йаьккхира йалхолгӀа меттиг 1986 шеран жамӀашца (30,1 млн хьажархо), ткъа цуьнан шен, Кристи Агатас йазйина, триллер «Итт негрийн бер» экране йаккхаро йаьккхира ворхӀалгӀа меттиг 1987 шеран жамӀашца, 33,2 млн хьажархо а гулвеш[22].
1987 - 1993 шерашкахь — «Мосфильм» киноконцернан режиссёр. ССРС кинематографистийн бертан декъахо хилла[15][16]. 1991 шеран декабрехь дуьйна — Кинематографистийн бертан конфедерацин декъахо[16]. В октябре 1993 года вышел из состава Союза кинематографистов Российн[17].
Говорухин Станислава йаьхна дуккха а исбаьхьаллин, исбаьхьаллин-публицистийн, публицистийн фильмаш, йазйина ткъеха сов фильмашна сценареш, ткъа иштта масех жайна.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.