Клермонан гулам — руман папас Урбан II-гӀачо килсан-административан а, килсан политикин а гӀуллакхаш листа, французийн КлегӀмон гӀалахь (хӀинца КлегӀмон-ФегӀгӀан) кхайкхина килсан гулам, болабелла 1095 шеран 18 ноябрехь. Клермонан гуламехь бара католикин динан а, дуьненан белхан а гӀуллакххой (дукхах берш французийн элий а, рыцарш а)[1]. Клермонан гуламо чӀагӀдина «Делан Дуьненан» берриг керстачеран декхар, килсанах дӀакъастийна Францин паччахь Филипп I-ра, 1092 шарахь шозлагӀа а зуда йалийна аьлла.

ГӀишлонах лаьцна хьажа Клермон-Ферранан килс
Thumb
Папа Урбан II председатель ву Клермонан гуламехь. «Французаш Утремере бахар»цӀе йолчу Мамро Себастьенан жайнин тӀера Коломб Жанан миниатюра (1474).

1095 шеран 26 ноябрехь, Клермонан гуламан ховшарш чекхдевлча, бевзаш болчу нахана а, динан гӀуллакххошна а хьалха папас Урбан II-гӀачо гӀадвахана къамел дира, цуо кхайкхира малхбалехьа а дахана, мукъа йаккха Иерусалим бусалбачеран олаллех, жӀарахойн тӀелатаран декъахойн къинош дӀахеца а, декхарех мукъабаха а. И кхайкхам бижира беркатен латан тӀе, хӀунда аьлча и ойланаш гӀараевлла йара цул хьалха а малхбузаевропин пачхьалкхий къоман йукъахь, тӀелатар мичча а хенахь кхолладала тарлуш дара. Папин къамело билгал бен ца бехира католикийн йоккхачу тобанан лаамаш.

Билгалдахарш

Литература

Хьажоргаш

Wikiwand in your browser!

Seamless Wikipedia browsing. On steroids.

Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.

Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.