Рамазан (бутт)
хӏижрин рузманан уьссалгӏа бутт / From Wikipedia, the free encyclopedia
Рамаза́н йа Рамада́н (Ӏаьр. ُرَمَضَان) — иза исламан (хӏижрин) рузманан уьссалгӀа бутт бу, шаӏбан баттал тӏаьхьабогӏуш бу иза. Бусалбанашна гергахь хӏара бутт къаьсттина а, хӏижрин шеран беттанашна йукъахь шен меттиг йолуш а лоруш бу. Иза мархин бутт бу, исламан бӏогӏамех боьалгӏачу бӏогӏаман. Цуьнан деношкахь бусалбанаш йухакхета (шарӏан бехказло йацахь) йаарх а, маларх а, марха дохош долчу цамагийначу хӏуманех а, сатасарца, малх чубуззалц.
Исламан рузма |
---|
Тахана: шот 8 Зуль-Хиджа 1445 г. х.
|
Рамазан бутт дӏаболало беттан керла бутт дӏаболабаларца. Иза дӏаболабалар гуш хуьлу 29-чу шаӏбанан суьйранна йа беттаса гарца, тӏаккха шолгӏа де рамаданан хьалхара де хуьлу, йа шаӏбанан 30 де дузарца болало иза, нагахь санна беттаса гина аьлла сецна дацахь.
Рамазан беттан башха меттиг йу бусалбанийн тӏаьхьалонехь а, исторехь а, цу чохь массийтта хилам хилла дела, царех уггар коьрта хилам бу: Лавхьул-Махьфуз чуьра дуьненан стигална тӏе Къуръан доссар дӏадоладалар а, цуьнан тӏаьххьарчу буьйсанашкахь Лайлатул-Къадр олу цхьа буьйса хилар а.