From Wikipedia, the free encyclopedia
Сату́рн — Маьлхан тӀера 6-гӀа планета а йу, Маьлхан системехь йоккхаллин 2-гӀа а йу Юпитеран тӀехьа. Сатурн, Юпитер, Уран, Нептун лоруш йу газан гиганташ. Сатурнан цӀе тиллина Шира Риман латталелоран делин цӀе. Сатурнан билгало йу марс (Юникод: ♄).
Сатурн | |
---|---|
Кассини цIе йолу космосан аппаратас деккхина Сатурнан сурт | |
Орбитан характеристикаш | |
Физикин характеристикаш-ref | |
Температура | |
Атмосфера |
Сатурн хӀотталуш йу коьрта элемент водород йу. Кхийолу элементаш йу гелий а, кӀеззиг хи а, метан а, аммиак а, йеза элементаш а. Сатурнан йуккъехь йу ядро. Иза хӀотталуш йу йечигах а, никелех а, шах а. Цуьнан тӀоьхула чкъор ду эчиган водородех. Атмосфера тӀехьаьжча тийна хета, амма наггахь цун техь гучуйолу дукха хенахь летташ йолу йилбазмохаш. Механ чехкалла цкъацца 1800 км/сахьт кхочу. И мох Юпитеран тӀехь болчула чӀогӀа бу. Сатурнан магнитан майда йу 1 млн км Маьлхан агӀоне йаржина.
Сатурнан гонах йу йаккхий чӀагарш. Уьш хӀотталуш йу шенах а, тӀулгех а, ченах а. Сатурнан гонах хьийзаш йу 62 хууш йолу спутник. Царех массарелла а йоккханиг йу Титан. Иза йу Маьлхан системехь йоккхалина шозлугӀа (Юпитеран спутникан Ганимедан тӀехь). Титан йу Маьлхан системехь цхьаъ бен йоцу спутник атмосфера йолуш. Иштта иза йу Меркурел йоккха.
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.