Хьаж
исламан пхеа арканех цхьаъ / From Wikipedia, the free encyclopedia
Хьаж (Ӏаьр. الْحَجُّ Аль-Хьажж) — иза бусалбанаш Макка гӀала бахар (зийарт дар) ду, хӀора шарахь билгалйинчу хенахь. Иза тӀедиллина (важиб) ду хӀора бусалбачу гӀеметтахӀоьттинчунна, ницкъкхочуш волчунна[1]. Иза исламан арканех пхоьалгӀа рукна йу, Мухьаммад пайхамаран ﷺ къамелехь деъна дела: «Ислам доьгӀна ду пхеа хӀуманна тӀе: Тоьшалладар ду АллахI воцург кхин дела вац аьлла, ткъа Мухьаммад — Делан элча ву аьлла, ламаз дар ду, закат даккхар ду, Рамазан беттан марханаш кхабар ду, хьаж дан ХьажцӀа вахар ду, нагахь хьан и дан таро йелахь»[2].