ШийӀаш
исламехь шолгӏа йоккха тоба / From Wikipedia, the free encyclopedia
ШийӀаш (Ӏаьр. الشِّيعَةُ аш-шиӀат — «агӀончаш», «лархой») — иза бусалбанийн дукхаллица шолгӀа йоккха тоба йу. Исторехь уьш бевзаш бара «Ӏалийн агӀончаш» (Ӏаьр. شِيعَةُ عَلِيٍّ) йа «Ӏалийн лархой» (أَتْبَاعُ عَلِيٍّ) аьлла[1][2][3][4]. «ШийӀаш» олу термин дукхахьолахь йозуш хуьлу шийттаннийн шийӀех, хӀунда аьлча иза уггар дукха тоба йолу дела, иштта и термин луш йу йисинчу шийӀийн тобанашна, исмаӀилиташна а, зайдиташна а санна.