Эксимер
From Wikipedia, the free encyclopedia
Эксимер (инг. excimer[1]; дуьхьанца жимдар карзахъяьлла димер инг. excited dimer) — кӀезиг еха димеран я гетеродимеран молекула, кхоллаелла шина кепара атомех, лаххара а цхьаъ царех хуьлу электронан карзахдаьллачу хьолехь. И гӀирс лелабо эксимеран лазеран белхан чалх санна. Эксимераш наггахь шина атомах лаьтташ а хуьлу, кхоллало коьрта хьолехь химин уьйр йийр йоцучу шина атоман я молекулан юкъахь хилча. Эксимерийн дахар кӀезиг ду, дукха хьолахь хуьлу леррина наносекундаш. Масех атом ридберган материн кластере йихкича, дахаран хан тӀекхета цхьа секунда[2].