Бабу́рин Серге́й Никола́евич (вина 1959 шеран 31 январехь, Семипалатинскехь) — российн политикин а, пачхьалкхан а гӀуллакххо, Ӏилманча—юрист (пачхьалкхан а, бакъонийн а областера историн говзанча).
Юридически Ӏилманийн доктор, профессор. Российн Федерацин хьакъ долу Ӏилманан гӀуллакххо. Республика Къилбаседа ХӀирийчоьнан — Аланин хьакъ долу юрист. Российн Федерацин Халкъан депутат 1990—1993, Российн Федерацин Лакхара Кхеташонан Республикин Кхеташонан декъахо. Пачхьалкхан думан I, II, IV кхайкхамийн депутат; II а, IV а кхайкхаман Пачхьалкхан думин председателан гӀовс, Пачхьалкхан думин гражданийн, зуламан, арбитражан, процессуалан законашкхолларан комитетан декъахо. 2018 шеран Президентийн харжамашкахь Президентан кандидат вара.
Российн пачхьалкхан махлелоран-экономикин университетан ректор — 2002 шерера 2012 шо кхаччалц[3]. На данный момент является профессором Московского Университета им. С.Ю. Витте[4]. Йукъараллин-политикин боламан, ткъа цул тӀаьхьа Российн йукъара халкъан барт политикин партин (2001—2008 шерашкахь — Къам дендаран «Халкъан маршо» парти, цул тӀаьхьа « Халкъан барт») лидер. 2015 шарахь дуьйна Дуьненайукъара Славянийн Ӏилманийн, дешаран, исбаьхьаллин, оьздангаллин академин (ДСА) президент. Дуьненайукъара Славянийн Кхеташонан председатель (2017 шеран майхь дуьйна).