Евразин экономикин барт
From Wikipedia, the free encyclopedia
Евразин экономикин барт (доцца ЕАЭБ[2]:Ст. 1, эрм. Եվրասիական տնտեսական միություն, белорус. Еўразійскі эканамічны саюз, кхазакх. Еуразиялық экономикалық одақ, кӀиргӀ. Евразиялык экономикалык биримдик) — дуьненайукъара субъектийн бакъо йолу а, Евразин экономикин бертах барт барца кхоьллина йолу регионан экономикин интеграцин дуьненайукъара кхоллам[2]:Ст. 1[3][4]. ЕАЭБ латтайо сурсаташ, ткъа иштта хьашташ кхочушдаран, капиталан, белхан ницкъийн дӀасалеларан маршо, экономикин дакъошкахь йукъара, бертахь политика лелор.
эрм. Եվրասիական տնտեսական միություն белорус. Еўразійскі эканамічны саюз кхазакх. Еуразиялық экономикалық одағы кӀиргӀ. Евразиялык экономикалык биримдик оьрс. Евразийский экономический союз | |
---|---|
Евразин экономикин бертан эмблема | |
eaeunion.org |
Оцу аббревиатурашкахь (ЕАЭЮ йа ЕврАзЭЮ) кегари хуьлу. ЕврАзЭЮ — Евразин экономикин йукъаралла — бу ЕАЭЮл хьалхара интеграцин кхоллам, иза дӀабаьккхина ЕАЭЮ кхоллар бахьнехь. Евразин экономикин комиссин официалан сайтехь йаздина, аббревиатура ЕАЭС тӀеэцна дерриг официалан дуьненайукъара документашкахь[5].
ЕАЭЮ кхоьллина ерриг агӀонашна модернизаци йаран, кооперацин, къаьмнийн экономикин конкуренцин хуьнаралла айаран Ӏалашо йолуш, пачхьалкхийн-декъашхойн бахархойн дахаран тӀегӀа цхьаьнаэшшара кхиаран хьолаш лардархьама.