Регион
From Wikipedia, the free encyclopedia
Регион (лат. regio пачхьалкх, мохк) — термин лелайо лаьттан я хин кхечух цхьа могIа критерешца къасто йишйолу дакъа билгалдоккхуш (масала, ша йукъахьйерг).
Регион, пачхьалкх санна чолхе термин ю. Цуьнан тарою билгалдаккха тайп-тайпана дерг тайп-тайпанчу отраслашкара, ткъа цхьаьна отраслехь бес-бесара тидало. Нагахь регионийн классификаци йийцахь, тарою къасто «географин, политикин, социалан-экономикин, экологин, хаамийн, цивилизацин, кхин а агIонаш»[1]. Iилманчаша йоькъу регионаш йоккхачу шина тобане: цхьаьна кепарниш а, функционаланаш а.
Иштта «регион» лелайо пачхьалкхан мехкан барам маьIнехь. Россехь — Федерацин субъектан йукъара цIе санна. ХIора региона бу шакепара Географин хIоттам.