Ӏам
From Wikipedia, the free encyclopedia
Ӏам — Ӏаламо кхоьллина, ша хӀордах (океанах) кхеташ боцу, хих буьзина Ӏоман кад, гидросферан компонент[1]. Ӏаьмнаш Ӏамадо лимнологи олучу Ӏилмано. Дерриг дуьнен тӀаьхь бу 5 млн гергга Ӏам.
Планетологин гарца, Ӏам хеначохь а, есаллехь а цхьаьнаэшшара лаьтта, тӀуьна кепара йолчу хӀуманца юьзина объект йу, цуьнан барам бу хӀордан а, адамо баьккхина Ӏоман а йуккъера.
Географин гарца, Ӏам гуонахьара къовлаелла шена чу хи а оьхуш, иза чохь гуллуш йолу лаьттан кӀорге йу. Ӏаьмнаш Дуьненан океанан дакъа дац.
Ӏаьмнийн химин хӀоттам дикка йехачу заманахь цхьаьна кепара латтахь а, эрках къаьстина иза дузу хӀуманаш карла йовлу чӀогӀа нилха, ткъа цунна чохь долу хин леларш, цуьнан раж билгалъяккхаран коьрта фактор йац. Ӏаьмнаша, дистина хиш боьрахь а сацош, ткъа кхечу муьрашкахь, хи ца тоьучу меттигехь, иза дӀа а луш эркаш охьаэхар нисдо. Ӏаьмнийн хиш чохь химин реакцеш хуьлу. Цхьайолу элементаш хин йукъара буха йуьжу, вуьш тӀехула йовлу. Цхьа могӀа Ӏаьмнаш чохь, коьртаниг чура арадолуш эрк доцучарна, хи Ӏаьнаре дерзар бахьнехь айало туьхан концентраци. ЖамӀ ду хаъал Ӏаьмнийн минерализаци а, туьхан хӀоттам а хийцабалар. Ладаме йовхонан хин массан инерци бахьнехь даккхийчу Ӏаьмнаша кӀадйо гуонахьарчу кӀошташкара климат а, температура а, лахдо шеран а, шеран заманийн а метеорологин элементаш техкар.
Кеп, барам, Ӏоман боьран бухан рельеф хийцало Ӏоман бухайижинарш гулъяларца. Ӏаьмнашна чу буц йаларо керла рельефан кепаш йо, нийса а,хьалатаьӀна а. Ӏаьмнаша а, кхин а чӀогӀа, хи латтийлаш а ойбу лаьттан бухара хиш, цуо гонахьарчу лаьттан декъех уьшал до. Гуттаренна а гуллуш йолу органикан а, минералийн а дакъолгаш бахьнехь Ӏаьмнаш чохь хуьлу стомма бухадижина чкъор. И бухайийшинарш бахьнехь тӀаьхьа Ӏам мел кхуьу цунах уьшал йа латта до. Билгалчу хьолехь царех хуьлу органиках йевлла ломан породаш.