АллахӀ
ислам динехь Цхьаъ волчу Делан цӀе / From Wikipedia, the free encyclopedia
Алла́хӀ (Ӏаьр. الله алар, ма дарра «Дела») — иза ислам динехь, волуш волчу, массо а хастам Шена бан хьакъволчун долахь йолу цӀе йу. Иза массо а халкъан Бакъволу Дела ву, шена бакъонца Ӏибадатдан (текъа) цхьа а воцуш Иза воцург. Массо а хиламаш а, ӏаламаш а, халкъаш а кхоьллинарг ву Иза. Бусалбанаш тешаш бу АллахӀ цхьаъхиларх, Цуьнах тера цхьа а цахиларх, Иза Шех тоаме хиларх, Цуьнан йа зуда а, йа бера а, йа да а цахиларх, Цуьнан йа накъост а, йа гӀоьнча а цахиларх.
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин дикачарех бу. |
Ӏибадатдарца (текъарца) Дела цхьаъвар — иза Ӏакъидатан (тешна хиларан) дух ду ислам динехь. АллахӀан масийтта цӀе а йу, царах «Аль-Асмаул-Хьусна» (Хаза цӀерш) олу. Бусалбанаш тешаш бу царах 99 цӀе йагарйинарг йалсамани гӀур ву аьлла. Мухьаммад пайхамаро ﷺ аьлла: «АллахӀан дезткъе ткъесна цӀе йу, бӀе йоцург, уьш йагарйинарг (Ӏамийнарг) йалсамани гӀур ву», и хьадис дийцина Аль-Бухарис а (2736), Муслима а (2677).