ислам динехь волчуьнан цӏе From Wikipedia, the free encyclopedia
Бусалба (Ӏаьр. ٌمُسْلِم муслим (бож. род), مُسْلِمَةٌ муслимат (зуд. род)) — иза Аллахӏ дела хиларца мукӏарло а деш, ислам дин хиларца а, Мухьаммад ﷺ пайхамар а, элча а ву аьлла тӏаьхьа а возуш, Къуръан нах нисбеш долу жайна а ду аьлла, исламан пхи бӏогӏам кхочуш а беш волу стаг ву.
Бусалба нехан сийлахь долу жайна — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Жабраил маликехула доссийна. Бусалбанаш тIаьхьабозу Къуръанна а, кхин а Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашна а, уьш йаздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[1].
Бусалба стаг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа тавхьид). Царна хаа деза, АллахI шеха тера хIума долуш вац, хIуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихлас). Бусалбанаш теша беза, ислам тIаьххьара тIегIа йу динан, деана долу пайхIамаршкахула Нухьехула а, ИбрахIимехула а, Мусахула а, Ӏийсахула а. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна ду (тахьриф)[2], ткъа Къуръан ду тIаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[3]. Бусалбанаш теша беза Мухьаммад тIаьххьара пайхамар хиларх а, цул тIаьхьа кхин пайхамар хирг ца хиларх а.
Iарбийн дешан муслиман маьIна ду «муьтIахь верг (АллахIан)» йа «Ша дIавелларг (АллахIан)» ислам дешан аналогица — «тиер», «тIеэцар». В. М. Порохован вариант: « …„бусалбаниг“ — „АллаххIан муьтIахь волу стаг“».
Стаг бусалба лору, нагахь цуо шахIадат далийнехь: «Аса тешалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларх, аса йуха а тешалла до Мухьаммад ﷺ АллахIан Элча хиларх». Бусалбачеран дин лаьтта пхеа бIогIам тIехь. ШахIадаца кхин а исламан бIогIамаш ду: хIора дийнан пхиъ ламаз, Рамадан баттахь марха кхабар, закат далар, таро ялахь Макка хьаьж дар[4][5].
Исламан парзаш доцуш, кхин а ялх бIогIам бу иманан, царех цхьаъ къобал ца бичи а бусулбаниг динара араволу. Уьш ду:
Къуръанан пайхIамарш а, элчанаш а, царна тIехьабозурш а бусулба бу. Иштта Аль Iимран суратан 52 аятехь Iийса пайхIамаран сахьабаш боху цуьнга: «Тхо — АллахIан гIоьнчаш ду. Тхо тешна АллахIах. Теш хилахь тхо бусалба хиларан!»[7]. Къуръан доссале бусалбанаш декхарийлахь бара Мусага , Давудега , Iийсага диссина Товратан, Забуран, Инжилан тIаьхьабаза.
Дерриг дуьненан бусалбанийн бараман маххадабо 1,7 млрд гергга ст.[8]. Ислам ду дукхаллин барамца шолгIа, цхьайолчу МХГI хаамашца, дуьненахь уггаре сиха кхуьуш долу дин[9][10].
90 % берриг бусалбанех лору шеш суннийш[11]. ШолгIа бу исламан некъ шиIийш (10 %)[12].
Бусалбанийн дукхаллийн барамца уггаре йоккха пачхьалкх — ХӀиндонези йу, цигахь беха 12,7 % дуьненара берриг бусалбанех, цул тIаьхьа йогIу Пакистан (11,0 %), Бангладеш (9,2 %), Мисар (4,9 %)[13]. Бусалбанаш иштта дукха бу ХӀиндин, Цийн, Российн, Эфиопин пачхьалкхашкахь.
2002 ш. бахархой багарбаран терахьашца Российра ламастан бусалба къаьмнийн барам хилира 16,5 млн ст. — пачхьалкхан бахархойх 11 % гергга. ХIинца Российн Федерацин махкахь деха Ислам дин лело 40 гергга къам: нохчий, жӀай, кхазакхаш, азербайджанаш, акхшой, гӀазгӀумкий, ГӀиргӀазой, башкираш, гIезалой, таджикаш, туркменаш, узбекаш, лаьзгий, адыгаш, абазой, гӀумкий, ногӀий, балкхарой, кхарачой, гӀалгӀай, туркой-месхетинхой, табасаранаш, рутулаш, агулаш, цахураш, кхин а[14].
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Every time you click a link to Wikipedia, Wiktionary or Wikiquote in your browser's search results, it will show the modern Wikiwand interface.
Wikiwand extension is a five stars, simple, with minimum permission required to keep your browsing private, safe and transparent.