Бурлако́в Михаи́л Петро́вич (вина 1952 шеран 31 январь, Соьлжа-ГӀала) — российн политикин гӀуллакххо. 1-чу кхайкхаман пачхьалкхан думин депутат (1993—1995), «Российн конституцин турслойн Русь парти» центран политкхеташонан секретарь, физикин-математикин Ӏилманийн доктор
ХӀокху терминан кхин а маьӀнаш ду, хьажа Бурлаков.
Доца факташ Михаил Петрович Бурлаков, Вина терахь ...
ДӀачӀагӀа
- 1977 шарахь тӀех дика чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан (ЧИГУ) физикин-математикин факультет.
- Хьехархо болх бира йуккъерачу ишколехь, цул тӀаьхьа дийшира Казанан пачхьалкхан университетан аспирантурехь.
- 1980—1991 шерашкахь — Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан теоретикин механикин кафедран ассистент, лакхара хьехархо, алгебрин а, геометрин а кафедрин доцент, дифференциалан геометрин а, топологин а кафедрин куьйгалхо.
- 1991—1994 шерашкахь — Самарин пачхьалкхан хьехархойн университетан Тольяттин филиалан геометрин кафедрин куьйгалхо.
- 2000 шарахь чекхдаьккира докторан диссертаци.
Тайп-тайпана физикин-математикин агӀора 100 сов зорбане баьлла болх бу.
- 1989 шарахь коьрте хӀоьттира йукъараллин кхолламан «Стратегин талламийн центр».
- 1993 шеран 12 декабрехь РЛДП Самарин—Тольяттин регионан декъера, парти испискица, хаьржина Пачхьалкхан думин 1-ра кхайкхамандепутат, пачхьалкхан думин дешаран, оьздангаллин, Ӏилманан комитетан декъахо. Нохчийн Республикин чохь долчу хьолан а, бахьнин а парламентан талламан комиссин кхолла дагадаийтинарг а, декъахо а вара.
- 1994 шеран 14 декабрехь, «Российн конституцин турслойн парти» РКТП Русь кхолламан гуламехь хаьржина партин центран политикин кхеташонан секретарь[1]
- 1995 шарахь депутатийн кандидат ву цхьаьнамандатан № 155 йолчу гуонехь Тольяттехь, 2-гӀа висира, 15,63 % (46496 кхаж) кхаж бен ца тесна, ийшира Морозов Анатолийл[2]
- 1996—2001 шерашкахь — Российн къамнийн гӀуллакхан министраллин декъан хьаькам. Цуьнан дакъа жоьпаллехь дара Къилбаседа Кавказан республикахь гӀазакхаллин социалан-экономикин хьолех а, репресси йина къаьмнашна реабилитаци ярна а.
- 1999 шеран 3-гӀа гуламан парламентан харжамашкахь, харжаман «СПАС» цхьаьнакхетаран депутатан кандидатийн федералан испискин йукъатоьхнера[3] , амма РФ ЦХК харжамаш болабала дукха хан йоцуш цхьаьнакхетар харжамашкара йукъарайаьккхира.
Хьалха хилларг: Фадеев, Юрий Петрович |
Тольяттехь хаьржина Пачхьалкхан думин депутат
1993 — 1995 |
Когаметтаниг: Морозов, Анатолий Тимофеевич
|