Соьлжа-ГӀала
Нохчийчура коьрта гӀала. From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Соьлжа-ГӀала (оьрс. Гро́зный — цӀе тиллина Соьлжа эрках (нох. Соьлжа) + гӀала) — иза Россин къилбехьара Къилбаседа Кавказан гӀала а, Нохчийн Республикин нана-гӀала а йу. Республикин маьӀна долу гӀала, кӀоштан чу ца йогӀу, кхуллу гӀалин гуо Соьлжа-ГӀала. Российн тӀемлойн сийн гӀала (2015 шеран 6 апрелехь дуьйна).
Remove ads
Лаьтта Соьлжа эркан шинне а берд тӀехь. Къилбаседа Кавказан уггаре йаккхийчехь цхьа гӀала: шолгӀа меттиг майданца а, кхоалгӀа — бахархошца (↗305 911[4] стаг 2020 шарахь, иза хуьлу республикин бахархойх 20,69 %).
Remove ads
Этимологи

ГӀалин оьрсийн меттара цӀе:
- 1818 — 1869 шеран 30 декабрь (керлачу рузманца — 1870 шеран 11 январь) — гӀап Грозная[6]
- 1869 шеран 30 декабрь — гӀала Грозный
- Нохчийн маттахь: «Соьлжа-ГӀала» (Соьлжа эрк + гӀала)[7]
- 1998—1999 шерашкахь къобал йанза йолу Нохчийн Республика Ичкерин гӀалин терго латтош йолу администрацис, хийцира Соьлжа-ГӀалин цӀе Джохар-ГӀала Нохчийн Республика Ичкерин Президентан Дудаев Джохаран сийнна.
2000 шарахь къамелаш долийра тӀамо кӀезиг йохийна Гуьмсе коьрта шахьар дӀайахьа йеза аьлла, Нохчийчоьнан коьрто Кадыров Ахьмада дӀахьедира, Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГӀала йуьсур йу аьлла. Цуо дийцарехь, «Нохчийчоьнан йерриг истори уьйр йолуш йу Соьлжа-ГӀалица, цундела иза дехьайаккха мегар дац». 2005 шарахь нохчийн парламенто кховдийра Соьлжа-ГӀалин цӀе кхелхинчу президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах Ахьмад-ГӀала аьлла хийца. Иза тӀе ца ийцира Кадыров Рамзана[8][9][10].
Remove ads
Истори
Къилбаседа Кавказера гӀазакхийн сурхойн урхаллийн баьччан сацамца, 1818 шарахь «Крепость Грозная»[11] аьлла йиллина хилла йолу гӀопах Нохчийчоьнан коьрта гӀала хилира. ГӀаскхийн а, кхечу меттанашкахь «Грозный» олуш йара Нохчийн коьрта гӀала, амма нохчийн маттахь «Соьлжа-ГӀала» олура, Соьлжа хин тӀехь йиллина хилар бахьна долуш. ГӀап йогӀар бахьан, Нохчийчоь гӀода йукъера лоцуш, лаьмнех аренаш хада йеш, Нохчий кхера бан дара. Грозный гӀап йуьгӀира, хӀаллак йина Кули-Йурт, Алхан-Чу, Жима-Чечана, Соьлже лаьттинчохь. Боккха Кавказан тӀом чаьккха баьлча 1870 шарахь цунна йелла гӀалийн статус. Хьалхар тӀом чеккха баьллачулла тӀаьхьа Ичкерин паччахь Яндарбиев Зелимханс, Ичкерин хьалхар паччахьан безаман «Жовхар-гӀала» (оьрс. город Джохар) аьлла, цӀе хийцира. 2005 шарахь Нохчийчохь гӀаскхаш хоттийна[12] долу Ӏедалан парламенто дийцаре диллира гӀалийна цӀе Ахьмад-гӀaла тилла ният хилар, амма Кадыров Ахьмат-Хьаьжин кӀант Рамзанс иза тӀе ца лецира.[13]
ГӀап
ГӀап йиллина 1818 шеран июнь бетта 22 чохь, хӀаллак йина Кули-Йурт, Алхан-Чу, Жима-Чечан, Соьлже лаьттинчохь.[14] ГӀопан хаьржина меттиг йара ХьангӀала Ӏинан уллехь. ГӀап йогӀар бахьна дара, нохчий ХьангӀала Ӏинехула аренга долу ков къовлар. 5 эзар. гӀаскхийн сурхочо 4 баттахь йуьгӀира гӀап. И меттиг йара, Къилбаседа Кавказехь уггаре чолхе хьал лаьтташ, цуьндела тиллина йу гӀопан цӀе «Грозная» — буьрса. Ткъа г1алан статус йелча, г1алан ц1е "Грозный" аьлла тиллира. ГӀопан куц: нийса йалхкӀов, гондхьа 20 гӀулч шуьйра харш. йалхкӀовн хӀора маьӀаг чӀагӀо йара, шайна таьхьа лаьтташ йаккхий тоьпаш йолуш.
- 1825 шарахь гӀап чохь сурхойн декхарш кхочуш деш вара Тенгинскийн дошлойн тобан лахар эпсар Михаил Лермонтов.
- 1850 шеран октябрь баттахь гӀопе веар 32 шо долу Российн Империн гӀента дайн тӀаьхьeнах волу Александр Николаевич. Иза варан сийна гӀопехь дуьгӀийра «ЦӀе кеш».
- ГӀопан кеш
- Грозная ГIап
- Грозная ГӀап, Соьлжа хи
- Соьлжа-ГӀала
ГӀала
- Соьлжа-ГӀала-сити
Remove ads
Къаьмнаш
ГӀаскхийн Ӏедало 2002 шарахь нахбагар барехь биначу белхашца биргалла даьккхина:
Бахархой
Remove ads
Географи
Климат
Remove ads
Культура
Театраш
- Лермонтовн цӀарах йолу Соьлжа-ГӀалин оьрсийн драман театр;
- Нурадиловн цӀарах йолу нохчийн пачхьалкхан драман театр;
- Нохчийн пачхьалкхан жима хьажархойн театр;
- Нохчийн пачхьалкхан кегирхойн театр Серло;
Библиотекаш
- Нохчийн Республикин къоман библиотека;
- Нохчийн Республикин берийн библиотека;
Эшаран учрежденеш
- Ансамбль «Вайнах»;
- Нохчийн Республикин пачхьалкхан симфонин оркестр;
- Нохчийн пачхьалкхан филармони;
Музейш
Remove ads
Транспорт
Керла Соьлжа-ГӀалин аэропорт хьайиллира 2006 шарахь. Цуьнан код GRV йу. Хьалхара кема (Москва — Грозный) деара 2007 шаран 5 октябрехь. ХӀинца кеманаш Нохчийчу хӀор дийнахь лелаш ду (Грозный-Авиа компани).
Спорт
- ФК «Терек» йу Соьлжа-ГӀалин футболан команда.
- 2014 шарахь йина спортхолл «Колизей».
ГӀарабевлла бахархой
Соьлжа-ГӀалахь бинарш
- Алиев, Тамерлан Магомедович — журналист, йаздархо, йукъараллин гӀуллакххо;
- Альбиев, Ислам-Бека Саид-Цилимович — греко-риман латархо;
- Арсамаков, Исраил Магомедгиреевич — штангист;
- Ахматова, Раиса Солтамурадовна — поэтесса;
- Бадуев, Саид Сулейманович — йаздархо;
- Гакаев, Джабраил Жоколаевич — историк;
- Димаев, Саид Умарович — композитор;
- Закриев, Магомед Хамидович — художник;
- Ибрагимов, Канта Хамзатович — йаздархо, Ӏилманча;
- Куцель, Феликс Петрович — дзюдон тренер;
- Мациев, Ахмат Гехаевич — филолог, хьехархо;
- Мусаев, Рамзан Хаважиевич — штангист;
- Сагаипова, Макка Умаровна — эшархо;
- Сардалова, Зулай Махмудовна — хелхархо;
- Талхигова, Роза Шахидовна — поэтесса;
- Тарамов, Руслан Ихванович — боксёр;
- Яхиханов, Рустам Хожаевич — художник.
Соьлжа-ГӀалахь белларш
- Арсанукаев, Шайхи Абдулмуслимович — йаздархо, поэт;
- Ахматова, Раиса Солтамурадовна — поэтесса;
- Висаитов, Мавлид Алероевич — Советски Союзан Турпал;
- Гайтукаева, Бана Мустафаевна — поэтесса;
- Джабраилов, Хамзат Вадудович — боксёр;
- Димаев, Саид Умарович — композитор;
- Димаев, Умар Димаевич — композитор;
- Мамакаев, Магомет Амаевич — йаздархо;
- Мациев, Ахмат Гехаевич — филолог, хьехархо;
- Саракаев, Хамзат Ибрагим-Бекович — йаздархо;
- Сардалова, Зулай Махмудовна — хелхархо;
- Цебиев, Ахмед Магомедович — физик;
- Эльдарханов, Таштемир Эльжуркаевич — серлонча, йукъараллин а, политикин а гӀуллакххо.
Remove ads
Галерей
![]() | ![]() | ![]() | |||
Соьлжа-ГӀалин аэропорт (GRV) | Соьлжа-ГӀала | ТӀом. 1995 шо |
СоьлжагӀалин чуьра кӀоштанаш

- Ахьмадан кӀошт (Ахматовский район)
- Висаитовн кӀошт (Висаитовский район)
- Шайх Мансуран кӀошт (Шейх-Мансуровский район)
- БойсгIаран кӀошт (Байсангуровский район)
Билгалдахарш
Сайташ
Хьажоргаш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads