Уьшал
From Wikipedia, the free encyclopedia
Уьшал — тӀуналла йеза дийна лаьттан тӀехулара чкъор долу, тӀех сов тӀуналла йолу ландшафтан дакъа. Уьшалан амалехь ду лаьттан тӀехула йуьззина йахкайаланза органикин хӀуманаш гулйалар, цунах тӀаьхьа хуьлу Ӏеха. Ӏеханан чкъор 30 см сов ца хуьлу, нагахь кӀезиг делахь, тӀаккха уьш уьшалш долу латташ ду[1]. Уьшалш гидросферин коьрта дакъа ду. Дуьненна тӀера дуьххьарлера уьшалш кхолладелла силуран а, девонан а муьраш хийцалуш, 350—400 млн шо хьалха[2][3][4][5].
Дуьненахь уггаре доккха уьшал Амазонка эркан тогӀи йу[6][7][8].
Россехь даьржина Европин декъан къилбаседехьа а, йуккъехь а (цунна йукъахь Москохан а, Москох гуонахьара а кӀоштахь), Малхбузен Сибрехахь а, Камчаткехь а. Белоруссехь а, Украинехь а уьшалш лаьтта Полесьехь (царах олу Пинскан уьшалш).
Уьшалш Ӏамадо географин башха отрасло — уьшалдовзаро.