Аджари
From Wikipedia, the free encyclopedia
Remove ads
Аджа́ри, АчӀара, АчӀаре (гуьрж. აჭარა, Ačʼara), Аджа́рийн Автоно́мин Респу́блика[2] (гуьрж. აჭარის ავტონომიური რესპუბლიკა, Ад’жар’ис автономиури республика) — Гуьржийчоьнан историн, географин а, политик-административан регион.
Кхоьллина 1921 шеран 16 июлехь Аджарийн АССР санна а, номиналан атеистийн ССРС-н цхьаъ бен йоцу автономи санна а, кхоьллина динан принципехь[3]. ХӀинца йолу цӀе — 1990 шарахь дуьйна. Аджарин коьрта гӀала Батуми — Гуьржийчоьнан коьрта хӀордан ков. ХӀорданйистера зонаш (Кобулети, Махинджаури, Гонио, Сарпи кхин а) кхузахь ю санаторно-дарбанан учрежденеш, дукхахерш кхоьллина советийн муьрехь. Болхбеш ю ломан курорташ.
Аджарин дукхахберш бу — аджараш, гуьржийн этнографин тоба, аджарин юкъахь Юккъерчу бӀешарашках шуьйра даьржина ислам дин.
Remove ads
Истори
Аджарин махка дуьхьара бахархой охьхевшина тӀулгийн бӀешарахь, иза бакъхилар гойту археологашна Бешуми цӀе йолу ломан курортана уллехь карийначу хӀуманаш. Чолоки эркан бассейн ю металлургин коьрта меттиг. Махкахь карайо борзанан а, хьалхараэчиган а оьмарийн хӀолламаш. Гуьржийн йозанийн хьосташкахь Аджари хьахайо III б. вайн эра кхачале. гуьржийн ширачу Картли пачхьалкхан дакъа санна. Легендаца, Аджарера доладела Гуьржийчохь керста дин даржор — апостол Андрей Первозванни веъначул тӀехьа[4].
Remove ads
Административан йекъайалар
Аджарин юкъахь ю 5 муниципалитет (2006 шо кхаччалц кӀошташ) а, 1 гӀала республикин муьтӀахь а йолуш (Батуми).
ГӀаланаш:
ГӀалин кепара эвлаш:
Remove ads
Бахархой
2018 шеран 1 январехь ларарца Аджарех бу 346 300 бахархой[7], 2014 шаран 1 январехь — 396 600 бахархой[10]
2014 шарахь 333 953 стаг[6], 2002 шарахь — 376 016 стаг (царах 93,4 % — гуьржий (аджараш), 2,4 % — оьрсий, 2,4 % — эрмалой, 0,6 % — желтой, 0,4 % — абхазаш, 0,9 % — кхиберш).
Къаьмнаш
Аджарин кӀоштанийн къаьмнийн хӀоттам (2014 ш.)[11]
1989 шарахь ларарца:
- Гуьржий 82,8 %
- Оьрсий 7,7 %
- Эрмалой 4,0 %
- Кхиберш 5,5 %[13]
Дин
Ӏосманийн Ӏедал долуш, кхиболу крипто-керста нах санна, аджараш леладора ислам а, керста а дин. Аджарин гурьжий къоман бахархой керста дине дӀаберзира 1990-гӀа а, 2000-гӀа а шерашкахь, и болх беш яра Гуьржийн керста килс, и бахьна долуш Аджарин бахархой бусулба а, керста а барамехь бу 60 % к 30 %, 1980-гӀа шерийн чакхехь абсолютан дукхахберш бара бусулбанаш (70 %). 2014 шаран лараран хаамашца[14]:
- 54,5 % Аджарин бахархой — гуьржийн керста килсе лелаш бу,
- 39,8 % — бусулбанаш-суннийш,
- 0,3 % — Эрмалойн Апостолийн килсе леларш,
- 0,04 % — католикаш,
- 2,8 % — атеисташ кхин а.
Remove ads
Кортош
- Абашидзе, Аслан Ибрагимович 2001 шо — 2004 шеран 5 май
- Варшаломидзе, Леван Гурамович 2004 шеран 20 июль — 2012 шеран 30 октябрь
- Хабадзе, Арчил 2012 шеран 30 октябрь - 2016 шеран 6 июль
- Патарадзе, Зураб 2016 шеран 15 июлехь дуьйна
Карта
Картин легенда:
Remove ads
Билгалдахарш
Wikiwand - on
Seamless Wikipedia browsing. On steroids.
Remove ads